ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2001-чу шарахь Нохчийчохь Пермерчу ОМОН-а тIелатар динчу цхьанна кхел йина


Нохчийчоьнан Веданан кIоштара тIеман хадархой (архивера сурт)
Нохчийчоьнан Веданан кIоштара тIеман хадархой (архивера сурт)

Буьйранчан Абу-Кутейбан тобанан декъашхочунна валлалц чохь яккха хан тоьхна, 2000-чу шеран зазадоккху-баттахь республикан Веданан кIоштан Джани-Веданахь эскархошна а, милицихошна тIелатар дарна.

Оцу тийсдаларшкахь 33 эскархо а, низам лардаран органийн белхахо а вийра, исс милицихо а, цхьа эскархо а йийсаре а лаьцна, тIаьхьо вийра. 100 сов ницкъахочунна тайп-тайпана чевнаш йира, хаамбо Lenta.ru хьостано коьртачу прокуратурана тIе а тевжаш.

ТIелеттарш Абу-Кутейбан тобанера бара, эмиран Хаттабан аьтто куьйг лоруш хилла ву иза. 2004-чу шарахь ГIалгIайчу гIортар кечдинчу нехан декъехь а вара иза.

  • Хьаххо хаамбора, 2021-чу шеран чиллан-баттахь Нохчийчуьра кхо вахархо дIалаьцна бохуш, уьш бехкебора, 2000-чу шарахь Пермерчу полисхошна тIелатарна.
  • Оьрсийчуьра адвокаташа а, бакъоларъярхоша билгалдоккху, гIаттамхой бу бохуш гойтуш болчу наха кхелехь дIахьедо, таллам боьдучу юкъанна шагара Iазапца кийтарлонаш яьхна, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG