ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чубоьхкинчарна ницкъ беш яьхна видеош гучуевлча долийна бехктакхаман гIуллакх


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан талламан комитето бехктакхаман гIуллакх долийна Саратовхь чувоьллинчу тумакхна ницкъ бар хьокъехь, яздо Свобода Радионо. Билгалдоккхуш ду и зулам деш декъа хиллачу нахана 10 шаре кхаччалц хенаш тоха мегаш хилар.

Де хьалха тутмакхашна ницкъ беш ФСИН-н (Федералан таIзарш кхочушдон сервис) белхахочун видеорегистратора яьккхина видео яржийра Gulagu.net бакъонашларъяран проекта. Цул тIаьхьа Талламан комитета таллам бан хьажийна ше векалш, зулам дина меттиг хила мега аьлла хетачу метте – билггал аьлча, Федералан таIзарш кхочушдон сервисан Саратоврчу урхаллин набахтин №1 йолчу дарбанан цIийне.

Шинарин дийнахь масех зорбан гIирсо хаам бира, ФСИН-ан Саратовн урхаллан хьаькама, чоьхьарчу сервисан полковника Федотов Алексейс дехар дина, ша балха дIавалийта аьлла. И хаам официалан кепара тIечIагIбина бац.

Хьалхо бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоллархочо Осечкин Владимира дIахьединера, Оьрсийчоьнан колонешкахь чубоьхкинчу нахана тIехь къиза Iазап латтош яьхна видеош тIехь йолу лерринчу сервисийн "къайлах" архив караеъна шена аьлла.

Осечкина дийцарехь, видеоархив ю Владимиран а, Саратовн а, Иркутскан а регионашкара ФСИН-ан урхаллашкара. Gulagu.net кхоллархочо чIагIдарехь, верриг а Iазапах а, гIело ярх а чекхваьлла 200 сов стаг, амма видео яьккхина царах 40 стаг хьийзош.

Юьйцурш ю 40 сов гигабайт видеош. Осечкина дийцарехь, цара "гучудоккху Оьрсийчуьрчу набахташкахь лелаш ФСБ-н а (Оьрсийчоьнан кхерамазаллин сервис), ФСИН-ан а (Федералан таIзарш кхочушдон сервис) агентийн "зондеркомандаш" хилар, кураторша тIедилларца чубоьхкинчу нахана гIело еш а, ницкъбеш а лелаш йолу.

Цул сов, шаьш нах хьийзош яьккхинчу видеокомпроматах пайда а оьцуш, цара вербовка йо шаьш ницкъ бинчу нахана шайн "кIизаллаш лелоран конвейерехь" цаьрга дакъалацийта а, "моттбеттархой" беш а, талламхоша хьалххе кечдинчу тоьшаллашна тIе куьг таIадайта а.

Осечкина дийцарехь, видеоархив ю Владимиран а, Саратовн а, Иркутскан а регионашкара ФСИН-ан урхаллашкара. Gulagu.net кхоллархочо чIагIдарехь, верриг а Iазапах а, гIело ярх а чекхваьлла 200 сов стаг, амма видео яьккхина царах 40 стаг хьийзош.

  • Бакъонашларъяран Gulagu.net проект кхоьллира Осечкин Владимира 2011-чу шарахь. Цуьнан белхахой ларъян гIертара чубоьхкинчу нехан бакъонаш, цара биллина зорбане баккхар колонешкахь ницкъ барх лаьцна хаамаш.
  • Кхушара Товбеца-баттахь ФСИН-ан а, ФСБ-н а тIедожорца Роскомнадзора блок хIоттийра Gulagu.net сайтана. Осечкина дIахьедина шайн проекта кхидIа а болх бийр бу, амма ша Оьрсийчуьра арабохур бу шен белхахой, церан кхерамазалла ларъян аьлла. Иза ша а дIавахна кхечу пачхьалкхе.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG