ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эксперташна хетарехь, гIалгIайн имамашна кхерамаш туьйсу


ГIалгIайчоьнан имамийн Цечоев Iийсан, Чумаков Хьамзатан а хIусамех, машенашчохь а талламаш баран Iалашо ю, махкахь лоручу динан векалшна кхерам тасар аьлла «Кавказан узел» агенталло хаттам бинчу эксперташа.

Мила лаьтта оцу гIуллакхашна тIехьа, гIалгIайн куьйгалхо я цуьнан оппоненташ аьллачу хаттарна делла жоьпаш шина декъе декъаделла.

Хьалхо зорбанаша даржорехь, кIирандийнахь Iуьйрре ГIалгIайчуьрчу ФСБ-н 15 белхахо Цечоев Iийсан Iелин-Юьртарчу цIийнах хьевсира.

Оццу дийнахь, Сунжа кIоштахь Чумаков Хьамзатан хадархойн 3 машенчохь а дIабехьира талламаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG