ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ловзарна – къоман гур


Черкес Лариса

Чергазийн ловзар муьлхачу хотIехь, муха дIадахьа деза гойту кодекс хIоттийна Адыгейрчу этнографаша

Шайн къоман барта кхолларалла евзачу Адыгейн Республикерчу Iилманчаша чергазийн ловзаран ламасташ чулоцу сценарий хIоттош дайъина масийтта шо. Кечйина кодекс дIасахьажийна джегуакошка – зуда ялийначохь ловзар дIакхоьхьучу говзанчашка.

Проектан автор ю филологин доктор Унарикова Рая. "Кавказ.Реалиица" шен хиллачу къамелехь цо йовзийтира ша а, шен накъосташа а юхьарлаьцна Iалашо – чергазаша зудаялор муха доладо, дерзадо хаийтар, бахархошка халкъан ламасташ лардайтар.

Унариковаца цхьаьна сценарий хIоттош къахьегна къоман ловзар, цуьнан шира кеп талларца филологин Iилманийн кандидат яьллачу Ханукова Эльзас а, аспиранта, джегуакос Нагароков Казбека а. Бина болх оьрсийн матте баьккхина Адыгейн пачхьалкхан университетан доцента Цеева Заремас. Ламасташ довзуьйту видеоверси кечъеш ю меттигерчу телегойтийлан журналист Кушу Светлана.

10 шарахь барта кхоллараллера тоьшаллаш гулдина этнографаша. Цара довзуьйту нускал децIера арадоккху, цIийнден хIусаме дуьгу, марнанна а, марзахошна а гойту, гучудоккху ламасташ. Муха лела деза шен ловзар доьдучу муьрехь нускал, баьхкина хьеший, хIун куьцахь, мел йоккха-жима хила еза ловзаран майда, муха дерзош хуьлу ша ловзар – и дерриг а чулоцу сценарино.

Тахана дицдеш лаьтта гIиллакхаш карладоккху кодексо. Масала, кхоллалучу доьзална, марзхошна, стунцхошна диканиг олуш, барамна леринчу эшаршца дIадахьа деза ловзар. Ткъа и кеп йисина яц кху заманахь Iаьржа хIорда йистерчу шапсугашца бен, боху Унарокова Раяс.

Сценарино гойту, ханна мел дахло ловзар, иза дIахьочо стенах жоп ло. Ала деза, зуда ялийна кIонах ша хуьлуш вац чергазийн ловзаргахь.

"Кавказ.Реалино" хаьттира массех чергазийчуьнга: мел догIу кодексо довзуьйту ламасташ тахана ловзаршкахь лелачу гIиллакхашца?

Дукхахболучара бахарехь, йоккха ю башхалла.

​Тахтамукай юьртарчу 27 шо долчу Неужрокова Заремас халахетарца элира, шо шаре мел долу кIезиг лардо чергазаша шайн ловзаршкахь къоман гIиллакхаш, ламасташ.

"Наха шаьш-шайна кхуллу керла гIиллакхаш, тIаккха теша уьш лела деза бохучух: зудаберийн синкъерамаш хIиттабо, торт хадош, йоькъуш хьийза, юха несо иза марнанна яайо. Бехказбуьйлу дукхахберш – арахь 21-ра бIешо ду, кхузаман ловзар ишта хила деза олу. Дицал тIаккха, дIакхийса деза вай Адыгагъэ (чергазалла), Хабзэ (чергазийн гIиллакх), джэгу хабзэ (къоман зудаялоран ламасташ)? Тхан дайша, наноша бIешерашкахь лардина шайн ламасташ, ткъа тхо кийча ду, зама хийцаелла, бохуш, уьш кхийссина дIадахийта", - бовзийтира шегара сингаттам Заремас.

Реза яц Неужрокова Зарема зудаялийнарг шен ловзарга вогIуш хиларна а, барамехь иза шен нускалца хелхавийларна а, баьхкина нах шайн доцу хелхарш деш хьийзарна а, нускале, оьрсийн кепехь, рогIехь маре гIон ерг къастайойтуш, зезагийн курс кхийсийтарна а.

"Нускал децIера арадоккхуш юкъадаьккхинарг а ду маьттаза. Хьалха иза марзхойх болчу зударша дора, ткъа хIинца нускал шен вежарша арадоккху. Эхь ца хеташ, къаьркъа молу шайн ловзаргахь нускало, майрачо, деса пелаш, лаьттах тухий, оту, тIаккха шен дех-ненах нускал къаьста барам хIоттабо" – бохура халахетарца Заремас.

Адыгейскерчу 41 шо долчу Мамиёк Артурна хетарехь, тIех дукха харжаш йо, сов маларш леладо чергазаша шайн лорзаршкахь.

"Суна ца тов божарий, зударий ловзаргахь цхьаьна охьаховшуш, нускало, невцо къоман духар цадохар. Чергазий ловзаргахь, къоман пондаран метта, магнитофон хьийзош а ца тов чIогIа. Хаза дац шен ловзарга къонах вахар", – аьлла хета Артурна.

Иза ца кхета, чергазий стенна лела ловзар хIоттош тIех чIиркъе – банкера кредиташ а оьций, юха уьш тIакха гIерташ.

"Хьо зуда ялон валлахь, кечлохьа хьалххе, гулдехьа хьайна ахча! Ловзар – кредитах, доьзална петар – мехах, Iедалан ахча такха дIавожало тIаккха! Юха бер хуьлу – тIеоьгу керла баланаш", - элира Мамиёка.

Налчикерчу 37 шо кхаьчначу Карданов Нажмуддина хазахета Адыгейрчу этнографаша адыгийн ловзарна сценарий хIоттийна. "Ламасташ лардан деза, тIаккха хир яц ловзарна сов харжаш, дужур дац тIе иза дирзича тIакха деза банкан кредит. Муха меттахIотто деза къоман ламаст? Дендан деза дайша лелийнарг, мегар дац чергазийн ловзар къоман кепара далийта, халкъе кхайкхамаш бан беза, орца ала деза", - бохура Нажмуддина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG