ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 57 дархо


Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла дийнахь-буса 57 пациент, цомгуш хилла кхин а 1151.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 25 стаг, Нохчийчохь – исс, Ставропол-махкахь – ворхI, Дагестанехь – пхиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Адыгейхь а – кхоккха, ГIалмакхойчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца стаг велла.

Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официало 12 020 стаг.

Массанхьачул дукха ду дараш Ставрополь-махкахь, уггаре кIезиг Адыгейхь.

Ставропол-мохк + 236 (59 996 пандеми яьржичхьана)

Краснодаран кIошт + 229 (55 070)

Дагестан + 198 (38 507)

ГIалмакхойчоь + 117 (22 983)

Нохчийчоь + 107 (13 963)

ГIебарта-Балкхаройчоь + 68 (25 721)

ГIалгIайчоь + 52 (16 766)

Къилбаседа-ХIирийчоь + 52 (17 845)

Кхарачой-Чергаийчоь + 51 (21 482)

Адыгей + 41 (15 528)

Къилбаседа Кавказехь тахханалц коронавирус шеца хааелларг ву 2878 61 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь ду таханенна 5 882 295* .

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG