ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукха лачкъийначо дакъа до, кIезиг лачкъийнарг гIараволу


Цхьаболчу даржхойн дашо машенаш а ю, Соьлж-гIала, 13Сти2013
Цхьаболчу даржхойн дашо машенаш а ю, Соьлж-гIала, 13Сти2013

Нохчийчоь, ерриг Оьрсийчоь санна, кхаьчънаш чIогIа оьцуш меттиг ю. Кеста-кеста гучубоху республикехь, Iедалан бюджетера ахчанаш лечкъийна даржхой. Даккхий ахчанаш лечкъийнарш къайлаха буьсу. Уьш чубоьхкина олуш а ца хезна цкъачунна. Цхьа жимма ка хьаькхнарг, телевизионна чохь гайтарна бист кхаччалц, нахала воккху. Школехь башха кхиамаш ца бохучу берашна бахьана даьлла, дика ца деша. Iедалан дарже а кхаьчна, башха дешна боцчу нехан бахамаш гича цара са ца туьйсу я кеман лелархо я бизнесхо хила а. Iедална тIехьа лечкъина, цуьнан цIарах бизнесхо дакъаза ваккхалой а, пилот шен доларчу кеманна хьалха хаалой а кхетта хIинцалера бераш.

Бутт хан ца йолу, Нохчийчохь, коррупцийца йоьзна йолу скандал ца йолуш. Амма, дукха гена далле и гIуллакх диждо. Iедалан ахчанаш лачкъийна берш, дукха хьолехь миллионашкахь соьмаш хуьлу иза, жоьпе уозийна а ца хаало.

Царна цхьа а тайпа таIзар ца до бохург дац иза. Амма, дичну зуламан набахте вахна аьлла хезна хIума дац хIинцалца. Ерриге а Оьрсийчохь амал хилла дIахоьттина, дукха ахча лачкъийначуьнна жоьпа кIелхьара вала атта ду, нехан бун чуьра котам яхьанчуьнчулла.

ХIокху деношкахь, талламан кIела вахна, Нохчийчуьра шина фирмийн куьйгалохо. Гучудаьлла цу шиммо 124 миллион сом ахча лачкъийна хиллийла. Талламо бахарехь, 2009 шарахь аьхка, «Энергостроймонтаж» а «Нэро» а, компанийн шина куьйгалхочо, бозбончаллаш а дина, тоьках долу ахчанаш юккъера шай гIуллакхан дайа схаьэцна иза.

И гIуллакх гучудаьлла, Нохчийчохь электросерлонна а, газан а , дIадаланза доккха декхар ду бохучу хенахь. Масла, шиш о хьалха а , республико тоьках дала дезаш дара 5 миллиард ца кхоччуш ахча, ткъа, газах долчу декхаран барам 6 миллиард ах миллиардц а кхоччуш дара.

Ала догIу, ши-кхо бутт хьалха, махкахь гучудаьллера коммунала хьашташна наха дIаделла долу ахчанех 300 сов миллион сом лачкъийна хиллийла «ЕРКЦ» олучу ахча схьаоьцучу урхалло. Иза гучудера долуш а ца хилла, и хьукмат стохка дIаца кхоьвлинехьарий Iедалан сацамца. Цуьнах альцна хаамаш газеташкахь баржда ма баьржинехь, махкахь йолчу талламан комитето къастийнера, иза дIаакъовларан бахьан. Оцу зуламан бехке берш а ца къастийна хIинца а. Ур-аттала, мила хила мега а хуучух тера дац бехке.

Тоьках долу миллионашкахь долу ахчанаш лечкъийнарш муьлша хилла къасто хала хиллехь а, газана наха луш долу ахча шай кисананна диллинарш муьлша бу хуущ ду. Уьш бу боху, контролераш олуш болу, хIора цIа а оьгIуш, нахера ахча гулдеш берш. Масех стаг хIинцале гучуваьлла гайтина телевизион чохь.

Цхьаммо 30 эзар сом къайладаьккхина, вукхо 70 эзар сом шена дитина. Ткъа, миллионашкахь ахчанаш лачксъийна берш, гайта тамехь болчух тера дац, ян телевизионан камере церан йохь-сибат тIе ца даккхало.

Оцу юккъолгIа, даржхоша балха тIехь дукха гIеллуш болун дела, шайна аьттонаш лоьху,карахь долчу даржах. Дикачу балха Iтехь хилча, дикачу машенаца дIасалелаш ца хилча, тамех ца хета цхьаболчарна. Малса, хIокху деношкахь, интернетехь аукционе яьлла Нохчийчоьнана Iедалан финансийн департамент. Цигахь, лохуш ю, БМВ машен юьхкун йолу компании. 4 миллион ца кхоччуш Iедалан ахча дала дагахь ю и департамент. Машена чохь, мел хуьлуш долу куц-кеп деш долу хIума хила деза аьлла ду, оцу кховдоран кIелахь.

Тахана, цхьаннах лечкъина хIума дац, иза цхьацца социологийн талламаш а гойту,бизнесхо а , совдегархо а хуьлучулла, Iедалан даржхо хилар гIоле хета дукхахболчу кегирхошна. Оцу тIегIан тIехь къахьегархулла, сихха дахаран токхо ялура ю аьлла шеко яц церан. Мел йолчу лаккхарчу доьшийлашкахь, йоккха конкурс ю, Iедалан урхаллан кечамаш бечу факультеташкахь. Муьлхачу балха ахча хилча хIоттулуш вуйла, Оьрсийчоьнан лаккхара масех дарж дIадаьккхича, бохуш дуйьцу дукха хан ю пачхьалкхехь. Нохчийчоь а, оцу хIуманца башхаллийца къаьсташ яц оцу юккъера.
XS
SM
MD
LG