ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къизаллан мах 2 миллион бу. Ткъа нийсонан?


Франци -- Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан чоьнашкахь, Страсбург, 3Деч2013
Франци -- Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан чоьнашкахь, Страсбург, 3Деч2013

Нохчийн тоба тоьлла Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелехь Оьрсийчоьне цо доьза байъинчу нахах жоп доьхуш. 2000-2006-чу шарахь оьрсаша а, Нохчийчуьрчу администрацин ницкъашкарчу нохчаша а 36 стаг вадорна пачхьалкх декхаре ю гергарчарна 2 миллион евро ахча охьадилла.





«Пицаева а, кхиберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал» аьлла дара 90 нохчочо дина арз луьстуш теллина дов. Тоьлла ларалуш бу Нохчийчоьнан маьI-маьIIера бахархой.
Царех ю, масала, Соьлж-ГIалара Ягаева Хеда. 2006-чу шарахь, паспорташ толлучуха, баьхкинчу герзахоша виггарха, вайна цуьнан майра Аюбов Зайнди. Цхьаммо а, цкъа а даре ца дина иза вигарх, я цуьнгара даьллачух. Адамийн бакъонех йолчу дуьненан конвенцин иттех низам талхийна Оьрсийчоьно. Ягаева Хедина хIинца иза охьадилла декхаре йина Страсбурго 45000 евро.

Толам баьккхинчаралахь бу СемаьIашкахь 2002-чу шарахь шен цIера виггарха вайначу Баршигов Мулатан гергарнаш. Царалахь бу иштта Кхошкхаьлдахь 2003-чу шарахь оьрсийн эскархоша вигина вайинчу шина вешин ЭскиевгIеран – Iисан а, Iусманан а гергарнаш.

...Иштта дIа кхин а цIерш, цIерш, цIерш. Соьлж-ГIалара а, ткъеха кхечу меттигера а нах бу шайн гергарнаш доьза байарна Европан кхеле леткъинчаралахь.

Европан кхеле уггаре дукха аьрзнаш дечийн хьалхе охьайилланза ю Оьрсийчоь хIинца а – дерриг а девнех ткъеха процент кхочу цунна. Статистика ялош аьлча, стохка Оьрсийчуьра Страсбурге дина 17000 арз.

ТIаьххьарчу шерашкахь адамашца лелийна харцонаш Iорайохуш Европан кхело бинчу сацамашна дуьхьал Оьрсийчоьно текхна вуно дукха ахча. Ткъа кхелан уггаре коьрта лехам – нийсо яр, зуламхой схьа а карийна, царна таIзар дар – иза дуьсуш ду доллучохь.

Цундела нисло шена тIехь гIело ярна, Оьрсийчоь оццу Страсбургехь эша а йина, 55000 евро цуьнгара схьадаьккхинчу Норвегерчу бакъоларъярхочо Гисаев Ахьмада ма-дийццара.

Гисаев: «Ахча даларх долуш дац. Стаг вийнехь, стагна ницкъ бинехь иза талла а теллина, куг бехке волчунна таIзар дар ду кхелан сацамехь коьртаниг. Бехкенаш лахар, бехкечарна таIзар дар – цкъа а хилла хIума дац Оьрсийчохь.
Динчу зуламна дуьхьал ахча а лой, дерриг а дойуш ду оцу пачхьалкхо. Ткъа ахча-м цуьнан шортта ду, и хьарам ахча. Пачхьалкхан Думано хенал хьалха, хIора шарахь бюджете а дуьллу Страсбурго хьарчондолчу гIуданна ахча.

Стеган мах 50-10 эзар ма бац. Иза волучарна цуьнан мах дуьненнал ма бу. Ткъа зуламна бехкеверг, схьа а валийна, Оьрсийчоьно чувоьллина бац цхьа а меттиг».

Нохчийчохь байнарш кеп-кепарчу хьукматийн барамашца кхочу 3000 тIера 6000. Дийна бисинехь а, Кремлан массо тайпанарчу ницкъаша тIехь гIело латтийнарш-м хир ду бIеннаш эзарнашкахь. Адамашца Нохчийчохь лелийначу а, лелочу а Iаламат яккхийчу харцонашка хьаьжча, хIумма а йоцург ю Кремло, Страсбурган сацамаш кхочушбо ша бохуш, ен харж.

Ткъа харцонаш цкъа а ца саца ду пачхьалкхо йина хIора ямартло наха Iораяккхалц, цунах кхера а ца кхоьруш, шайн бакъонаш ма-доггIу къийса адамаш Iаммалц, даххьалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG