Коронавирусан COVID-19 уьнах Оьрсийчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла 737 пациент. Федералан оперативан штабо бина и хаам. Пандеми яьржичхьана дуьххьарлера лакхара гайтам бу хIара.
Къаьсттина дукха нах белла коронавирусах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Москвахь а, Санкт-Петербургехь а. Амма Оьрсийчоьнан яккхийчу гIаланашкахь оцу уьнах лечийн терахь лахара ду, рекорде баларш кхечу регионашкахь нисделла ду.
Оперативан штабан зерашца, пандеми яьржичхьана COVID-19 вирус тIечIагIъярца велла лоруш ву 140 эзар стаг.
Оцу юкъанна, Росстатан статистикаца, карарчу шеран Охан-беттан юьххьехь Оьрсийчохь (аннекси йинчу ГIирмехь а цхьана) 270 сов дархо велла коронавирусан уьнах.
Росстатан зерех къаьсташ ду Оьрсийчуьрчу оперативан штабан ларарш. Коронавирус кхетта стаг кхечу бахьанашца велча, иза лоруш дац шаьш аьлла урхалло.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Оьрсийчохь 23 378 стаг хаавелла коронавирусан ун даьлла.