ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19-на дуьхьал юкъадаьккхинчу молханан "миллионаш дозанаш" кечде аьлла шайна Американ администрацино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Президента Джо Байдена пIераскан дийнахь дIахьедина, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа хIинцале а "миллионаш дозанаш" COVID-19-на дуьхьал буьртикашкахь долу зеран молха кечде аьлла дехар дина шаьш аьлла. Керла молха дина Pfizer компанино, хаам бо Reuters.

Байден сатесна ву, керла молханан буьртигаш лело официалан бакъо еллачул тIаьхьа, терапи "кхин а цхьа ларбаларан гIирс хир бу адамашна COVID-19 кхетар халонга ца далийта".

Pfizer Inc. компанино COVID-19 вирусана дуьхьал болу экспериментан керлачу молхан буьртиг зеро гайтина, оцу молхано 89% лахдина хилар, ун кхеттарг госпитале охьавилла оьшуш хилар я еза цамгар меттах яьккхина валар, хаам бина пIераскан дийнахь Pfizer-а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG