ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 уьнна тIехула тоьхнначу дозанашна дуьхьал протесташ йина Францехь


Францера митинг
Францера митинг

200 эзар сов стаг дуьхьалонан акци ваьллера Францехь, коронавирус бахьана долуш пачхьалкхехь деттачу дозанашна дуьхьал. COVID-19 пандемин йоьалгIачу тулгIенца къийсаме бевллачу Iедалхоша юкъабалийна и барамаш. Йоьлхучу протесташкахь лаьцна 20, чевнаш йина кхаа полисхочунна.
КхозлагIа мукъаденош ду Францехь митингаш хIиттон. Бахьана ду керла низам. Цо декхаребо бахархой негативан тестан буха тIехь санитаран кехат даккхийта: вакцинаци ярх сертификат я ун текхна аьлла, тоьшалла. И бакъо карахь яцахь аьтто бац дуккхаъчу меттигашка кхача.

Демонстранташ тешна бу, францхойн коьрта маршонашна Iедало доза детташ хиларх.

Цул совнах, керлачу низамца а догIуш, Гезгамашин-бутт юккъе баллалц махкахь тIедожйина медикашна вакцинацех чекхбовлар. Оцу барамашца реза бац шаьш лоьраш а цхьана. Масала, Лионехь цхьахйолчу клиникан белхахоша масех дийнахь забастовка ю латтош бертаза привикаш ярна дуьхьал

Хьалхо Франицн президенто Макрон Эммануэля Iедалхойн барамашна дуьхьла берш эгоисташ бу элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG