ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 вирус марсаяларца Нохчийчохь QR-кодаш юкъаяьхна


ТIедогIучу оршотан дийнахь, ГIадужу-беттан 11-чуьра дуьйна, Нохчийчохь нах дIасалелачу меттигашкахь а, хьукматаш чу воьдуш а хьашт хир ю QR-кодаш, йа COVID-19 вирусна дуьхьал вакцинаци ярх сертификат, йа ун текхна ву аьлла тоьшалла. И хаам баржийна вирусна дуьхьал къийсам латто вовшахтоьхначу оперативан штабан куьйгалхочо Усмаев Вахита.

"Эпидемин хьал эгIарца а, махкара санитаран-эпидемиологин токхо латтийта а ГIадужу-беттан 11-чу дийнера схьа дуьйна массо а организацешна (йохка-эцаран центраш, транспорт, садаIаран центраш, ресторанаш, кафеш, нахана оьшу хьелаш латтон сфераш) чувоьдучу заманчохь карахь хила еза QR-код, йа кехатан сертификат, йа тIаьххьарчу ялх баттахь лазар текхна ву аьлла тоьшалла", - аьлла ду Усмаевн дIахьедарехь.

Йоллу хеначохь динчу зерашца, Нохчийчохь 23 239 позитиве тест гайтина, тIаьххьарчу дийнахь-буса 71 стаг тIекхетта кхин а. 21 591 дарба а хилла, лоьрийн тергонера ваьккхина. Верриг а кхелхина коронавирусан уьнах пандеми юкъаяьлчхьана 630 дархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG