Пандеми йолаелчхьана дийнахь-буса COVID-19 вирус кхетта нах алсамбийлар Оьрсийчохь билгалдоккху пхоьазлагIа де а ду, яздо Свобода оьрсийн сервисо. ГIадужу-беттан 18-чохь динчу лараршца, 34 325 стагаца коронавирус къаьстина, ткъа коронавирусан инфекцин керлачу кепан уьнах велла 998 пациент. И хаам бина коронавирус ца яржийта Iалашонца къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабо.
Оьрсийчоьнан йоллу 85 регионехь билгалбевлла ун даьржина нах, ю царлахь аннекси йина ГIирма а. Къаьсттина дукха бу уьнца Москвахь – 6 823.
COVID-19 толлуш экспресс-тесташ ян маьхза 30 пункт схьайиллина Москвахь тахана дуьйна. ХIинца ерриг а 50 ю уьш.
Иштта Москвахь кхин дIа а хьош ю, дай-наной дуьхьал боллушехь, COVID-19 юй хьожуш дешархошна экспресс-тесташ ен эксперименташ. Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре а, инарла прокуроре Краснов Игоре а 300 латкъам хьажийна, "Дайн-нанойн цхьанакхетаралла" боламо орца дехна ишта къайлахчу сервисашка а.
Экспресс-тесташ яр, медицинан юкъагIортар лоруш ду, уьш бахархойн лаамца бен ян мегаш а дац аьлла, низамана тIетийжа дай-наной.
Пандемина тIехула Оьрсийчу арахьарчу пачхьалкхийн бахархой а, Оьрсийчохь бехаш, амма пачхьалкхан бахархойн бакъонаш йоцу нах а, церан гергарнаш а бита тоьхна дозанаш юхадаьхна арахьарчу гIуллакхийн министарлло. Консулан департаментан урхаллан телеграм-каналехь бина цунах хаам.
Виза йоцуш чубахка йиш йолчу пачхьалкхийн бахархошна тоаме ду шаьш билггал гергаралонехь хиларх тоьшалла гайтар. Ткъа вуьшта, даим а Оьрсийчохь беха арахьарчу пачхьалкхийн бахархой декхаре хир бу шайн гергара нах хьошалгIа кхойкхуш, кехат даийта, цуьнан буха тIехь Оьрсийчоьнан виза елла аьтто хир бу церан.
Стохка Зазадокху-баттахь Оьрсийчоьно масех баттана дIакъевлира шайн дозанаш коронавирусан инфекци бахьана долуш. Карарчу хенахь диттина дозанаш жим-жима дIадохуш ду. Билгалбаьхна барамаш ларбеш хилахь, дуьххьал дIа Оьрсийчу кеманаш лелачу пачхьалкхийн бахархойн таро ю махка бахка. Масала, Китайрчу туристийн тобанийн йиш ю Оьрсийчу бахка.