ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирман хаттарехула бекъабелла немцой


Германи - ГIирмера гIезалошна тIехIиттина акци дIахьош бу Украинин Германерчу векалаллин белхахой.
Германи - ГIирмера гIезалошна тIехIиттина акци дIахьош бу Украинин Германерчу векалаллин белхахой.

ГIирма Оьрсийчоьнан долахь йисса еза аьлла хеташ ду немцойн ах дакъа герга. Амма кхин а дукхахчу немцоша Путин Владимир шайн махкана кхераме лору.

„Оьрсий бу богIуш!“ - и цIарна цIеяххана долу дешнаш йоллучу Европехь а нехан синкхетамехь боккха кхерам а, гIайгIа а кхуллуш ду. Тамаша а бац, тIаьхьарчу хенахь, Украинерчу хьолаца доьзна а, ткъа иштта кхечу Оьрсийчоьнна луларчу пачхьалкхийн шаьшна а хIинца Оьрсийчоьно интервенци ярх кхераяларца доьзна, кест-кеста Малхбузерчу прессин хьалхарчу агIонашкара артиклаш „Оьрсий бу богIуш“ аьлла цIе тилина хуьлуш хилар.

Схьахетарехь, и „оьрсий бахкарах“ болу кхерам хIинца немцойн синан кIоргенашка а кхаьчначух тера ду. Вуьшта муха кхета деза, Германерчу АРД телеканало бинчу хеттамашкахь дакъалаьцначу немцойн 39 процентано ГIирма ахгIайре Оьрсийчоьнан долахь йита еза, и хIума къовбал а дина, аьлла жоьпаш делла хиларх?

Бакъду, хеттаршна жоьпаш делчех 48 процентано ГIирманна аннекси яр къобал дан мегар дац аьлла. Оццу хеттамашкахь дакъалаьцначийн 54 процентано мукIарло дина, шаьш Путин Владимиран арахьарчу политикех кхоьруш а ду, иза Германина пачхьалакхана санна кхераме лоруш а ду, аьлла.

Цуьнца цхьаьна, Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш пайдехьа а, йогIуш а ю аьлла хеташ ду немцойн ахсов дакъа. Ткъа уьш къобалйечеран I9 процентана санкцеш кхин а чIагIйан еза аьлла хета, ткъа 43 процентана хIинцалца схьа тIеэцнарш а тоьуш ю аьлла хета.

Ала догIу, цу хеттамаша гIеххьачул немцойн хаамийн гIирсаш а, политикаш а цецбаьхна хилар. ГIирма ахгIайренна Оьрсийчоьно йинарг дуьненаюкъара низамаш дохош йолу аннекси а ю, иза Евроберто цкъа а къобалйан йиш а яц аьлла ю, хууш ма-хиллара, Германин канцлеран Меркел Ангелин а, Евробертан куьйгалойн а позици. Ткъа йиш юй-те цу позицина меттигерчу бахархошна хетачуо тIеIаткъам бан?

Яц аьлла тешна ву Венера политолог Чапханов Руслан. ХIунда аьлча, цкъа делахь, цу хеттамашкахь дакъалаьцнарш, социалогин хеттамашкахь хуьлуш ма-хиллара, немцойн халкъан цхьа жима дакъа бен дац, цуо аьлларг доллучу халкъан хьалхара аьлла лорийла дац. ШозлагIа делахь, ГIирмин аннекси яр Малхбузено къобалдахь, иза цуо иштта дуьненчохь кхин дуккхаъ дозанаш юхадекха дезаш хилар къобалдар санна хир ду.

Чапханов Руслан: „Немцойн къомо я австрихоша, я францхоша хIуъу бахахь а, дуьненаюкъарчу низамашца ГIирмина аннекси йина. Германин Iедало сагатдеш дерг хIун ду аьлча, дуьненаюкъара Iедалан кеп йоха а йина, Оьрсийчоьно Украинин цхьа дакъа схьадаккхар ду. Цу шина пачхьалкхенна юккъехь цхьа барт а хилла и хIума дина делахь иштта хир дацара иза.

Муьлха а пачхьалкхе а бакъонан пачхьалкхе хила езаш ю. Оьрсийчоь а яра хIинцалца схьа ша бакъонан пачхьалкхе ю бохуш лелаш. Нагахь санна Малбузено и хIума къобалда йиш яц. ХIунда аьлча тахана Украинера ГIирма схьаяьккхина цара, кхана Оьрсийчохь болх бечу Сименс концернера бизнес дIайоккхур ю, лама Бритиш Петролеумера мехкадаьтта доккхур ду. Цунах кхерар а ма ду иза“.

Цу юкъана Германин арахьарчу гIуллакхийн министр волчу Штайнмайер Франк-Вальтера немцойн Шпигел журналаца шен хиллачу къамелехь дIахьедар дина, Украина НАТО тIеман альянсана юккъе ярна ша дуьхьал ву, аьлла. Цул совнаха, Украина гергарчу заманчохь Евробертана юккъе ялур ю бохург а аьттехь а ца дитина цуо.

Цигахь, немцойн коьртачу дипломато чIагIдарехь, цкъа хьалха политикан а, экономикан а реформаш дIаяхьа еза. Цу хIуманна масех чкъор хийцадаллаца хан тоьур яц. Цундела кесталгIа Украина Евробертан декъашхо хир ю бохуш йолу спекуляцеш йита еза элира Штайнмайера. И цуьнан дIахьедар дуккхаъчу украинхошна вуно лазаме хилла. Амма Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахо волчу Чапханов Русланна цу дIахьедарехь цхьа а сенсаци ца го.

Чапханов Руслан: „Цхьа а цецвала оьшуш хIума дац цигахь. Евробертана юккъе ян лууш йолчу пачхьалакхено дуккхаъ реформаш ян еза, шайн низамаш а, пачхьалакхан хьелаш а Евробертахь лелачаьрца дIа а нисдеш. Иштта бюрократийн агIор а белхаш бан беза, документаци а нисйеш. Амма уггаре а коьртаниг – коррупцица къийсам бан беза. Ткъа Украинера Iедал а, къам а цкъачунна, къамелаш дар бен, вуьшта кхин Евробертан декъа хила кийча дац.

Ткъа НАТО юккъе-м уьш тешна а богIур бу аьлла хеташ вац со, иттанашкахь шераш даьлча ца багIахь. ХIунда аьлча, масах Советан Iедал духучу хенахь Малхбузено шена тIеэцна жоьпаллаш ду, барташ а бу, цару уьш ларбийр бу. Ца ларбахь, тIаккха кехчара а ларбийр бац кхин болу барташ. ТIаккха цунах хаос хир ю“.

Немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вальтера, шен дукха хан йоцуш барт баран Iалашонца Украинехь а, Оьрсийчохь а хиллачу цхьаьнакхетарех лаьцна дуьйцуш, иштта элира, Оьрсийчоь, мел хала хеташ делахь а, кхин дIа а дуккхаъчу хенахь Украина йохар а, цигахь къепедацаш латтар а къайлах кхобучуьра соцур яц, аьлла. ХIетте а, Кремлаца дагадовларш а, цунна тIеIаткъам бан гIортар а дита мегар дац аьлла тешна ву иза.

XS
SM
MD
LG