Москох Нохчийчоьнан вахархо лаьцна, 26 шо долчу стагана коьртах бейсболан бита а тоьхна, цунна коьртанна чов ярна. Лазийнарг дарбанцIийне дIакхачийна, корта а бохийна, хаамбо низамхоша. Кхетам галбаьккхинчу дархочун дахарна кхерам бацахь а, вончу хьолахь ву лазийнарг, дуьйцу лоьраша.
36 шо долчу нохчочунна дуьхал долийна бехктакхаман гIуллакх. Карарчу хенахь иза полисхойн Iуналлехь ву.