ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Руслан: Оьрсийчоь йоккха ю, цуьнгара схьаэца деза вай вешан рицкъа


Оьрсийчоь -- Кутаев Руслан, политолог, 30Тов2008, тхан москохарчу студехь
Оьрсийчоь -- Кутаев Руслан, политолог, 30Тов2008, тхан москохарчу студехь

Еарий дийнахь Францерчу Страсбургехь Кавказан къаьмнийн векалийн гулам бу хΙуттуш. Делегаташа дийцаре дийр ду Оьрсийчурчу а, Кавказерчу а политикан, экономикан, социалан хьелаш. Къастор бу кавказхойн дахар тоден некъаш. Ша цига хьочу Ιалашонех лаьцна дийцира нохчийн политика-юкъархочо Кутаев Руслана.



Болх бан йолалучу кхеташоне Нохчийчоьнан цIарх Страсбурге воьдучу политикан эксперте Кутаев Руслане дийхира Маршо Радионо бараман Iалашонаш йовзийтар.

Кутаев: «Тахана Оьрсийчохь хьелаш чолхе ду. Оьрсийн къам декъаделла. Тахана Iедалехь волу Путин а, цунна гонаха берш а дIа ца баьхча, шаьш совцур дац боху халкъан цхьана декъо. Оцу юккъехула чIагIлуш ю дуьнентIехь экономикан кризис. Цуьнан хIун тIаьхье хир ю хууш цхьа а стаг вац.

Iамерка я Китай хуьлийла иза - уьш цхьана кепара хьалха йовла а мега кризисо бохьучу бохамех, амма Оьрсийчоьнан-м кIезиг аьттонаш бу эшамех Iалашъяла. Тахана Кавказан къаьмнаш шайлахь а, оьрсашца а юкъаметтигаш къестош Iар а дозу цхьана агIор экономикехь хIиттинчу халонашца. Оцу хьолан ойла а еш, дийцаре дан дагахь ду тхо Кавказера хьал».

Маршо Радио: Ткъа муха, муьлхачу кепехь юха а цхьанакхетта Кавказан къаьмнийн векалш? Хьалха хилла конфедераци меттахIоттон гIерта шу я кхин кеп хир ю кавказхой вовшахтухуш?

Кутаев: Цхьажимма истори дагаяийта лаьа суна. Хьалха Кавказан къаьмнех сагаттадечара вовшахтоьхна яра "Кавказерчу Ломан Къаьмнийн Ассамблея" аьлла юкъаралла. И "лаьмнийн" боху дош Абхазера хьалхабевллачара юкъдаьккхина дар, лаахь а ца лаахь а аьлла.

Цхьа хан яьлча иза провокаци юйла гучуделира. Кавказехь ламан каъмнаш доцурш а, тIедаьхкина шортта кхин къаьмнаш а ду. Оцу Ассамблеях Кавказерачу къаьмнийн конфедераци хилира, цул тIаьхь хилларг вайна хууш ду. ТIемаш хилллачул тIаьхьа, Страсбургехь, и Ассамблея меттахIоттийра, дакъалоцуш 100 сов делегат а волуш.

Коьрте хIоттийра цигахь цхьатерра бакъонаш йолу ши куьйгалхо: Гамсахурдия Звиядан уллера накъост а, гергара стаг а волу Хмелидзе Владимир а, Къилбаседа Кавказан агIор Темишев Муса а. ХIицна оха карарчу заманахь дуьненнна а, ша Кавказна дуьхьаллаьтта халонаш а юьйцур ю, цара бохьучу кхерамех муха къийсадала деза а хьехор ду.

Маршо Радио: Руслан, хьо Нохчийчоьнан векал ву, хьан хIун лаамаш бу, хIун хеттарш ду шайн Страсбургехь хIуттучу бараме кхачон?

Кутаев: «Со конфедерацина юкъарчу политкхеташонехь ву. Сан шиI алашо ю. Уггаре а хьалха кавказхойн юкъараллан цIарера дIадаккха деза "ламанхой" боху дош. ХIунда аьлча, кхузахь бехаш схьабовларца кавказхой боцу нах а бу, дуккха а бу уьш - оьрсий, кореяхой, грекаш, масала.

ШозлагIа. 80-гIа шераш чекхадовлуш, 90 шераш дуьйлалуш, дуьххьара Кавказерчу къаьмнийн ассамблея вовшахтухучу хенахь, къаьмнаш Оьрсийчоьнан а, Совета пачхьалкхан а кога кIелхьаралдаха Iалашо яра. Ткъа таханлерчу хьелашкахь Кавказан къаьмнаш къаста хьашт дац Оьрсийчоьнах. Цо вайца тIемаш бина, дIаьдаьккхина вагара дуккха а хIума.

Вай цунах дIа а къаьстина, даха гIерта ца деза. Вайн демографи кхьуш ю оьрсийнчул сиха, вайна территореш тоьар яц ваьш даха. Вай Оьрсийчоьно ваьшца бинна тIом а ца беш, кхин тIом бан беза - дахаран хьелаш цуьнан территори тIера схьаэцаран тIом. Бохий Оьрсийчоьно вай шена оьшу, ша вай дIахоьцур дац? Боху. Бахахь, вай юкъара йолчу ерриг а пачхьалкхах оьцур бу-кх ваьшна пайда. Вайна йоккха Оьрсийчоь еза. Оьрсийчохь дахар хила деза вайн. И агIо а хьехон дагахь ву со Страсбургехь».
XS
SM
MD
LG