Дуьхьаллаьтташ вийра 108 чех а, словак а, лазийра 500 гергга. Оккупанташа политикан а, экономикан а реформа йира, пачхьалкх къаръечу боламна коьрте хIоттийра Дубчек Александр. (Чехин зорбанан агенталлан архивера суьрташ).
49 шо хьалха: Чехословаки лецира Советийн танкаша
Чехаша а, словакаша а маршонехьа яьккхина гIулч - «Прагин БIаьсте» - йижорхьама Варшаван Берто шен ницкъ чубалийра Чехославаке. Ах миллион эскархо хьажийнера шина къоманна езаеллла паргIато хьаша.

1
Прагерчу Вацлаван майдана евллачу оьрсийн танкашна гобина чехаша. 1968, Марсхьокху-бутт, 21.

2
Протесте бевллачу бахархоша танках йиллина цIе дIаяйъа гIерта оьрсийн эскархой. Прага, Чехословакин Радиона уллехь.

3
Чехословакин компартин цIенна хьалха дIахIуьттуш ю оьрсийн танкаш.

4
Прагехь протесте бевллачу нахалара зуда ю оьрсийн эскархошца къамелдеш.