ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан а, ГIалгIайчоь а лидершкахь ю регистраци йинчу терроран зуламийн терахьашца


Кху шеран дуьххьарчу ялх баттахь Дагестанехь 298 терроран чулацам болчу зуламна регистраци йина. Оцу гайтамца республика хьалхаяьлла йогIу мехкан йиссинчу ерриг регионел а: иштта, шолгIачу меттехь Москва ю, цигахь оцу тайпа зуламийн терахь 83 ду, кхозлагIа меттехь ГIалгIайчоь ю – 81 зулам.

Амма коьртачу прокуратурано статистикан гайтарш даладо деккъа билггал долчу терахьашца. Амма бахархойн терахьца дуьстича, Дагестанехь и барам ГIалгIайчохьчул а лахара хуьлу 1,6-зза сов, тIаккха жимма хьалхаяьлла йогIу ГIебарта-Балкхарайчоь, йоьалгIачу меттехь – Нохчийчоь.

Кху шеран яхначу хенахь долу терахьаш дайначу шарахьчул лахара ду. Иштта, Дагестанехь дечкен-баттера мангал-батте кхаччалц йолчу хеначохь 342 терроран зуламаш гучудаьлла, ткъа ГIалгIайчохь – 74.

  • 2021-чу шеран жамIашца регистраци йинчу зуламийн терахьийн рейтингехь оьрсийн топ-6 регионашкахь нисбелла Краснодаран а, Ростован а мехкаш. Рейтингехь шолгIа меттиг яьккхина Кубань махко.
  • 2021-чу шеран 11 баттахь Нохчийчохь шозза сов (58,5%) лахделла кхиамца зуламаш таллар – иза махкахь уггара ледара гайтам бу.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG