ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийцамийн юьхьиг-м яц те ХΙинжа-ГΙалин мэр Амиров СаΙид лацар?


Дагестан - Амиров СаIид, ХIинжа-ГIалин мэр лаьттира 15 шарахь.
Дагестан - Амиров СаIид, ХIинжа-ГIалин мэр лаьттира 15 шарахь.

Цкъа а хуьйцуш а воцу ХΙинжа-ГΙалин мэр Амиров СаΙид деношкахь Москохара кхаьчначу ницкъаша лаьцна дΙавигарх дийцарш дагестанхошлахь лелла ца Ιаш, лела Москох а. Кавказал а гена дΙасакхочуш дара цуьнан куьйгаш, ерриг а Оьрсийчуьрчу мафиозин хьалханча а, вуно дукха ахчанийн да а вара иза, чΙагΙдо иза вевзинчара а, цуьнан имидж тергонехь кхаьбначара а.




Амиров СаΙид, ша лелаш а воцу зΙаьΙапхо, цхьана заманахь Девкар-Эвлахь оьрсаша, шаьш кхолла а кхоьллина, шаьш тΙамца вохийна нохчо-мафиози Лабазанов Руслан а санна, Москохара далийначу беракеманца вохийна, аьлча а, вигина.

Дийцарехь, пΙераскан сарахь, хьалххе, ша лаца нах баьхкинийла а хиина, кхерамах хьуллуш, белхан меттехь, мэрехь, чΙагΙвелла хилла Амиров. Амма Ιуьйранна кхетийна иза генара баьхкинчу ницкъахоша мэрин уьйтΙахь лаьттачу беракеманчу шен лаамехь цунна хаар дораха доьрзур дуйла. Иштта дΙакхачийна ХΙинжа-ГΙалин да Москох.

Оьрсийчохь дика евзаш йолчу Басманан кхело ши бутт кхайкхийна Амиров СаΙидна лаьцна кхаба. Амма оцу шина беттачохь ларалур ду ала дац Ιедалш шаьш цунна бехкедечун цхьалхе якккха.

Ткъа Амировс-м хΙинццехь а дΙахьедина, шегара цхьа а къинойш а ца девлла, муьлххачу а хаттарна жоп а лур ду ша, аьлла. Иштта ду цо Басманан кхело шен кхоллам хийца болош сацам тΙеэцча аьлларг.

Амиров: «ХIара цхьамма кечйина, политикан бух а болуш, ямартло ю. Цуьнан цхьа а тΙаьхьало хир яц. ХΙора гΙулчах, хΙора дашах ас жоп лур ду. Хуур ду-кх, хено шен метта хΙоттор ду дерриг а».

Амиров СаΙидна агΙонча-адвокат лаьцна гоьваьлла юрист, шен заманахь оьрсашна дика вевзаш хиллачу, къайленехь вийначу мафиозин Иваньков Вячеславан-Япончикан адвокат лаьттина Крутер Марк.

Иза а ву, ша хила ма-доггΙу, Амиров хΙуманна а бехке вацарх тешна.

Крутер: «Шеко йоццуш, тхо аьрзне девр ду, шеко яц. ХΙунда аьлча, стаг валаран-висаран дозане кхачийна, лаьцна, дΙакъевлина».

Стенца билгалваьлла стаг ву Дагестанехь дукхаллица шолгΙачу меттехь ларалучу даьргΙойн къомах волу Амиров СаΙид шен цΙахь а, ерриг а Оьрсийчохь а, 15 шарахь ХΙинжа-ГΙалин мэр лаьттина хиларал совнаха?

Политике веъна иза Дагестанан коьртехь Магомедов Мохьмад-Ιали волуш. ГΙалин да и лаьтта хан елира мехкан кхоалгΙачу президенте а тΙехь. Ткъа цара, президенташа, вуно чΙогΙа лоруш а вара иза. Карахь бара цуьнан дукха боккха ницкъ – цо аьлча, стаг лакха а воккхуш, цо аьлча, хьаша а хьошуш. Цундела олучух тера дара дагестанхоша цунах шаьшлахь «Рузвельт» - юх лелаш а йоцуш, зΙаьΙапхочун конки чохь лела «Рузвельт».

Ткъа зΙаьΙапхо цунах вира цхьацца наха, 14-зза иза вен еш нисъеллачу кΙелонаша. 150 стаг вара Амиров гΙали юкъаваьлча, балхара шен буто гΙопе-хΙусаме вуьгуш а, цΙера балха валош а, иза ларвеш. Нах цецбохург дара оццул иза жигара хилар а, цунна гонаха боккха ницкъ лелар а.

Дагестанана куьйгалле ханна аьлла Абдулатипов Рамазан хΙоттийчхьана массех гΙарадевлла хьакамийн, ахчанан дайн лецарш нисделла Дагестанехь. Масала, ишттачаьргара, Москох аэропортехула дадийна леладе ах-миллард сом даьккхира пачхьалкхан ницкъахоша. ХΙинжа-ГΙалин банкера ду бохура и ахча. Билггал хилларг хΙун ду ца хаьа хΙинца а.

Амиров СаΙид лоцуш официалехь кхайкхийна бахьана иштта ду. Хьалхо каравахначу цхьана тΙемалойн амира Гучучалиев Сиражутдина тоьшалла дина боху, Амировс лурчаха шахьарара Талламан комитетан куьйга метта волу Гаджибеков Арсен вейтина, аьлла.

Амма кхеташ ду, Амиров СаΙидан зама ерзош, цунна дуьхьал даккха Ιедало дуккха а хΙума лохур дуйла а, иза карор дуйла а.

Амиров лацарх лаьцна шена хетарг иштта довзийтира Маршо Радиона Дагестанехь дика вевзаш а, лоруш а волчу политика, журналиста Шевченко Максима.

Шевченко: «Сан Рамазан Гаджимурадовиче мел боккха ларам белахь а, цо шеггара Амиров СаΙид лацийта сацам тΙеэцна, сан олийла дац. Хетарехь, цунах дага-м бевлла, амма буьззина сацам уггаре лакхарчу федералан тΙегΙанехь бина, лацар а нисделла лаккхарчу федералан, Дагестанан карахь а йоцчу урхаллашкара схьа. ХΙунда аьлча, Амиров СаΙид цхьана регионерчу гΙалин мэр хилла ца Ιа, иза Оьрсийчохь уггаре боккха ницкъ карахь болчу политикех ву.

Иза лацар тΙеман министр Сердюков лацарал а доккха хΙума ду. Важа цхьамма тахана хΙоттаво, кхана дΙавоккху. Ткъа Амиров СаΙид хΙоттийна вац, иза 90-чу шерашкахь, халачу къийсамашкахь, шен цΙий а Ιенош, кхиина ву Дагестанехь. Цуьнан гΙорторах Москох, баккхийчу хьакамашлахь хилла а ца Ιара, шена Дагестанна чохь а яра.

Магомедов Мохьмадсалам Москох дΙавахначул тΙаьхьа даьргΙойн тхьамдан меттехь вара иза. Иза лаьцначул тΙаьхьа, тахана цуьнан воΙа а дΙатесна шегара лаккхара дарж, гергарчара а дитина даржаш, цхьаберш царех а бу лецна. Уьш а ма бара Дагестанан лаккхарчу даржашкахь. Цундела и операци ша Кремло айина а, цуьнан ницкъаша чекхъяьккхина а ю».


Кестта Дагестанехь хила беза мехкан ден харжамаш. Тарло оцу меттехь Абдулатипов Рамазан сацон а, иза даржехь чΙагΙван а луучара авторитетехь волчу Амиров СаΙидах цунна некъ цΙанбеш хила а.
XS
SM
MD
LG