ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIахь - хьошалгIахь санна


dagestan map
dagestan map
Билалов МаIаз

Дагестанан керла куьйгалхой Аьккхийн (Аухан) кIошт меттахIотто сиха бацаро сагатдойту Хасу-Юьртарчу а, гонахарчу ярташкарчу а нохчашка.

Оцу бахьаница деношкахь рогIера 10-гIа Гулам дIабаьхьна цара. Регионехь бехачу нохчийн цIарах бараме веанера 200 сов делегат. ХьошалгIа кхайкхинера Нохчийчуьрчу администрацин а, Хасу-Юьртанна гергарчу Гуьмсан кIоштан урхаллин а векалш.

Довзийтар

94 эзар нохчо веха Дагестанехь. Республикан 3,2% процент хиллал нах бу уьш - ерриг а Оьрсийчохь бехачу нохчех 65,5%.

Новолакский кIоштара гIазгIумкий керлачу метте а баьхна, дайн латтанаш аьккхашка дIадала хIоттийна программа кхочушъеш яцар дийцаредар а, нохчийн Юкъарчу кхеташоне керла нах харжар а яра Гуламан Iалашо.

Алссам тIе тидам бохуьйташ дара Пачхьалкхан Думин депутато Сайтиев Бувайсара дина къамел. Нохчий – цхьа къам бен дац Дагестанехь, титулан а лоруш, долахь шайн кIошт а йоцуш – уьш нохчий бу, билгалдаьккхира цо.

Сайтиевн хьехамца Гуламан Юкъараллин кхеташо кхоьллира барамо. Цуьнан Iалашо ю Дагестанехь нохчий бехачу меттигашкахь лелха проблемаш тергонехь кхаба.

Гуламан декъашхоша даредора, ХIинжа-ГIала а, Москох а дуьхьал яц Аьккхийн кIошт меттахIотто. Амма цара сихо яре кхайкхира Iедал, ша дуккха а хьалха тIеэцна а, къобалъеш а йолу программа кхочушъярехь – ХIинжа-ГIалина гергахь гIазгIумкашна дина лаьтта цIенош, берийн бошмаш, дарбан хIусамаш, кхидолчу хьаштийн объекташ.

Дагестанерчу нохчаша доьху Аухан кIошт хьалха, вайнах махкахбохучу 1944-чу шарахь ма-хиллара меттахIоттор. Оцу тIехь гарабовлу Iедалан а, аьккхийн а лаамаш, мехкан администраци кийча ю кIошт юхаденъян, амма ца хIутту иза нохчашка царна коьрта йолу Пхьарчхошка а (Ленинаул) а, Ширча Аьккха а (Калининаул) хинйолчу Аьккхийн кIоштан дозанашка ерзо.

Юьйцучу шина юьрто дIалоцу Аьккхийн кIоштан кхоалгIа дакъа – уьш ю карарчу хенахь Дагестанан Новолакский а, Казбековский а кIошташкахь. Ткъа и ши юьрт декъахь а йоцуш шайна бечу томанна реза бац аьккхий, депортаци хIинца а шайна тIера ялаза юьсу, бохура гуламхоша.

Довзийтар

Аьккхийн проблема гIаьттина 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чу дийнахь. Депортацера 1957 шарахь цIабаьхкичхьана схьа доьху аьккхаша Оьрсийчоьне а, Дагестане а шайн мохк меттахIоттор. Паччахьан заманашкахь дуьйцу латтанаш дара цкъа Теркан областан Нагорный округехь, тIаккха – Теркан областан Хасавюртовский округехь. 1921-чу шарахь Аьккхийн мохк Дагестанан областна юкъауьйзира. Аьккхаша шайна еза лору Пхьарчхошка а (Ленинаул) а, Ширча Аьккха а (Калининаул) а дайшка юхаялар ца къастош яхйина Iедало проблема.

Гуламан делегатех волчу Батырсултанов Iаьрбис "Кавказ.Реалиина" дийцира аьккхийн коьртачу Iалашонах лаьцна. Дагестанан къаьмнашлахь, мехкан Iедал реза а долуш, шайна боггIу меттиг баккха гIерта шаьш, элира цо.

Амма лач кхетийна аьккхийн гуламан Iалашо социалан машанашкарчу дагестанхоша. Юхьанца Аьккхийн кIошт метта а хIоттаяйтина, цул тIаьхьа иза Нохчийчоьнах дIатохийта гIерта гуламхой, боху эладита лела интернетехула.

"Кавказ.Реалиица" къамелдинчу кхечу юкъархочо, Батаев Iимрана, оцу кепехь гулам тидар нийса дац, я гуламхоша а, я нохчийн юкъаралло а дац хьехош гIуллакх оцу ракурсехь, элира.

Гуламан декъашхочо Караев Руслана, "хIуьттаренна даржош ду Дагестанера нохчий дIакъаста гIерта, шайн кIошт Нохчийчоьнах дIатоха гIерта бохург ", элира. "Эладита даржочийн цхьа Iалашо ю – Дагестанерчу нохчашна шайн республикан синбахамах, экономиках, Iилманех, спортах, къинхьегамах дIа ца эйтар", аьлла хета Караевна.

"Кавказа.Реалица" зIене ваьллачу форуман кхечу декъашхочунна хетарехь, Гуламна гонах эладитанаш лела цо бечу балхах лаьцна прессо шуьйрра довзуьйтуш дацарна. Цунна хетарехь, интернетехула онлайн хьолехь гойтуш хила беза аьккхийн юкъархойн болх, тIаккха хир бац дагестанхошлахь цакхетамаш, царна гур ду нохчаша арабаьккхина некъ республикан низамашца а, лехамашца а богIийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG