ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь – Дагестан: Некъаца лаьттачу бIогIамо эккхийтина инцидент


ДIадаханчу оршотдийнахь юха а айина нохчийн-дагенстанхойн дозанийн тема. Иза марсаяьккхира интернете йиллинчу цхьана видеоно: бохийна гойтуш бара Шелковскан кIошт а, ГIизлара а дIасакъаьстачохь лаьтта некъан бIогIам. Шайн лаьттан кийсак лулахоша долаерзийна аьлла, орца даьккхира гIизлархоша. Хабар даьржича, уллехь бехачу наха шолгIа гIуркх а дIабаьккхина, еса йитира и лаьттина меттиг. Иккхина инцидент ерзон ГIизлара бахара шина а республикера Iедалхой. Хилларг листира цара бIеннаш дагестанхошца цхьаьна.

Дехха лаьттина къамел жамIе далош, ший а агIо кIера хилира, шаьш тIехь лаьттарг нохчийн латта хиларх.

Амма юха а бохийра бIогIам. "Иза тхан латта ду. Оха цхьаьнцца а ца къуьйсу. <…> ХIун дан гIерта и нах? Шуна тIом беза?" - дIахьедира рогIехь дозан билгало муьлш бу цахуучара йохор ца тайначу Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада кхаарийдийнахь.

Бакъду, де хьалха дозанах лаьцна Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира довзийтинера шена инцидентах хетарг. "Барт ца бохийна: некъан гIуркхаш нохчийн агIоно шен территори тIехь хIиттийна", - элира цо.

ГIизларарчу администрацин пресс-гIоьнчас Салихова Селминаза "Кавказ.Реалиица" динчу къамелехь билгалдаьккхира шайн гIалин Нохчийчоьнца цакъестамаш банне а бац, "доза стенгахь ду хаьа дукха хан ю", аьлла. Цунна хетарехь, хила беззачехь лаьттина цхьамма хьашт доцуш бохийна и бIогIам.

Iедалхоша а, гIизлархоша а бинчу къастамах тоам цахилларш а бевлла Дагестанехь.

Нохчийчоьнан а, Дагестанан а доза билгалдоккхучу Юкъараллин комиссехь ву регионерчу географин юкъарлонан куьйгалхо Гаджиев Зураб. Цунна гарехь, некъаца лаьттачу гIуркхах "моттаргIа" а йина, Дагестанера кхин кийсак ю Нохчийчоьно шена ерзош – Таловка хи Ширачу Терках кхетачохь лаьтта аса.

"Зазадоккху-беттан 16-чохь цара (нохчийн агIоно – ред.) хил дехьара и можа аса кадастре яьккхина. Вайн лаьттан кийсак царна тIеязйина. Иза низаме дерзо бохку уьш. Амма оцу латта тIехь бехачарна хаьа и дагестанхойн латта дуйла", - элира Гаджиевс "Кавказ.Реалиига".

Гаджиевна хетарехь, Даудовна "бахьана даьлла, шеца герзахой а болуш республике а веана, лаьтте йолу шайн претензи охьайилла", аьлча а, "ГIизларца юкъаметтигаш къасто". Гобаьккхина Дагестанан территори тIехь лаьтта дакъалг ду провокацина бух белларг, боху юкъархочо.

"Бакъду, бохийна бIогIам лаьттинчу меттера дIа 50 метр латта церан (нохчийн – ред.) ду. Дика ду, ши бIогIам хIоттабе тIаккха, дехьа а, сехьа а. Мичахь йолало шун территори, мичахь чекхйолу? Оцу 50 метрна бIаьргнегIар тоьхна валале тIехъоьккху, хIинццалц цхьаммо а тергал а ца йинера и меттиг", боху Гаджиевс.

Дагестанера интернетхой, машанашкахь хьал дийцаредийраш доккхачу декъанна дозанийн къестамашна бац луьйш – уьш кхаьрда ГIирзларца къамел дан Даудов шеца "теттина герз а дохьуш", "тIамна кечйинчу машенашца" варах. Ца тайна дагестанхошна луларчу мехкан хьаькамо, шена уллехь Дагестанан куьйгаллера нах а лаьтташ, ГIизлара гIалин куьйгалхой чехор.

Даудовс динчу къамелера ду цо ГIизларан кIоштан дега Погорелов Александре аьлларг: " Ас массо а болуш дIабоху хьоьга, кхузахь хIара гIурт эккхийтинарг, Нохчийчоьнний, Дагестанний юкъахь, ГIизлара гIалин администраци ю хьуна. Суна хаьа кху сахьтехь, шун хьуьнан бахамо шу кхеле деллийла, ГIизлара гIала, Рослесхозехула (Оьрсийчоьнан хьунан бахаман урхаллехула)".

Социалан машанашкахь, боьха-цIена ца къестош, эккхийтина гIара тидаме эцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Шена а, шен доьзална а луьйш, къам а бехдеш, девне комментареш язъечун "пIелгаш кегдийр ду, мотт бухабаккхур бу", элира цо.

Реза бац, ца теша Дагестанера жигархой шайн Iедалх а. ГIизларарниг санна йолу инцидент иккхича, иза листа мехкан юкъара кхеташо кхолла еза, боху цхьаболучара.

"Доза къасточу комиссино а, Iедалан информацин хьасташа а шайх чекх са гайтина, кхиболу жоьпалле нах ца бийцича а", - аьлла дIахьедина Дагестанан гIаланашкара, кIошташкара ГIизрлара яхначу жигархойн тобано.

Ша "дагестанхойн гIуллакхаш дийца" шеца Нохчийчу баха кхайкхинера цIейолу нах, амма "республикерчу цхьаммо а жоп ца делла" шена, чIагIдо Дагестанерчу жигархочо Хадулаев Шемала.

Нохчийчоьнан-Дагестанан доза къасторхойн тоба кхоьллина 2019-чу шеран Дечкен-бутт бовш. Шина мехкан векалш вовшахкхетта маситтаза. Охан-баттахь Iедалхоша ханна сацийра дозакъастор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG