ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Верта доьза ца дайта. Дагестанера тIаьххьара говзанчаш


 Белхан меттиг а, ламазан чоь а цхьаъ ю вертанаш дечу Умаханова Сидратан
Белхан меттиг а, ламазан чоь а цхьаъ ю вертанаш дечу Умаханова Сидратан
Пономарева Екатерина, "Настоящее Время ("Карара хан")

Дагестанехь кеста ярна кхерам бу верта ден говзалла: фабрикехь йисина массех зуда пенсе йоьдуш ю кестта, ткъа кегийрхой ца хьоьгу церан корматаллах

1926-чу шарахь дуьйна ю болх беш Рахата юьртара фабрика. Амма кхачош ю цуьнан оьмар тахана. ЖаIуша кIезиг леладо тIергIа вертанаш – царна гIолехьа хета кхузаман духар. Уггаре а доьхнарг – ца лаьа жимачарна фабрике балха хIитта. ТIаьххьара йисина масех йоккха стаг цигара дIаялахь, яйний ю вертанаш дечийн къайле.

Умаханова Сидратан 52 шо ду. Рахатахь йина а, яьхна а, массо а заманахь вертанаш дина а ю иза. "Со а, сан нийсархой а дIалилхичхьана, дIадаьллий ду вертанийн гIуллакх, ца богIу тхо хийца кегийрхой", - олий, къадабо зудчо шегара сингаттам.

Магомадов Iела артелехь куьйгахо ву. Цо хаийтира шайн фабрикин 100 шо дуза 8 шо дуьсуш дуйла. "Пачхьалкхо фашисташца тIом бечу заманахь а болх беш лаьттина артель – арахь буьйсанаш а йохуш, лиэтачу салташна вертанаш кечдина кхо. Бакъду, хIетахь кхузахь къахьоьгуш 250 стаг хилла, хIинца 15 бен вац", - боху Iелас.

Яхначу заманашкахь верта деккъа духар хилла ца Iийна, цо лучу куьцах дозалла деш а хилла къонахоша. Вуьззина къонах хир ву, олий, кIант, вешшехь, вертанах хьарчош хилла дайша. Борша стаг велча, коша верзо а вуьгуш хилла, шен верта тIе а тосий. Даггара везачу доттагIчунна ден уггаре деза совгIат – иза а верта хилла.

Тахана верта оьцург цхьаъ бен вац – жаIу (иза а цхьа наггахь верг): йовхо латтайо вертано, кIезиг чекхдолу цунах догIа.

- Верта дериг вехаш ву – цуьнца йовхо лаьттар ю даима а, - хестабо шен болх Iелас.

Магомедов Iела, Ракатарчу фабрикин куьйгалхо
Магомедов Iела, Ракатарчу фабрикин куьйгалхо

- 16 шо долуш еара со кху фабрике. Юьхьанца тIаргIа къажбеш, боIуш яра, тIаьхьо вертанаш дечу декъе яьккхира. Сан дейиша яра хIетахь сан хьаькам, - дагалоьцу Сидрата.

Цо йовзуьйту шен корматаллин къайле:

- Юьхьанца тхо тIаргIа эца арадовлу, тоьлларг оьцу. КIайн вертанашна – кIайниг, Iаьржачу вертанашна – Iаьржаниг.

Фабрики чохь, лаьтта, цхьабосса стомма дIасабаржийна бу тIаргIа, тIадабо довхачу хица, кхаа-еа зудчо цхьана эшшара горга хьарчабо иза. Куьйгахь ду каранаш – пхьаьрсаш ца лазийта. Сахьт оьшу зеделлачу кхаа зудчунна цхьа верта кечдан, аьлча а, цунна тIаргIа бато а, даьлла иза дакъо хIотто а.

- Юха а дехха дуьлу, дакъадо. Iаьржа верта кечдеш басар леладо, дуьлу верта кхин а цкъа, иштта дакъа а до. ТIаьххьара а ша-тайпа бокх (клей) хьокху, вертан чо хаза а, лацабелла а хилийта, - дуьйцу Сидрата.

Дийнахь 500 сом ло фабрикехь вертанаш дечу хIора зудчунна. Сидрата бахарехь, 6 сахьт даьлча делкъана 11 сахьт даллалц артелехь хуьлу иза, тIаккха цIайоьду, чуьра хьашташ а луьстий, юха а вертанаш дан хIутту – цIахь балханна кечйина чоь ю цуьнан.

- Деккъа цхьана белхахь лучу алапах яхалур а ма яций, цIахь дой, кIеззиг сайн вертанаш а духку ас, дуьйцу Сидрата. Цунна дукха беза шен болх – "тIаргIа лелор могашаллина пайде ма дуй".

Вертанаш деш бу зударий
Вертанаш деш бу зударий

Сидрат кхета ша йоккха хуьлуш юйла, вертанаш дар цкъа дита дезар дуйла. Цундела Iамадо цо шен бераш а, церан бераш а.

- Верта дар – иза беккъа зударийн болх бу. Пенсе яххалц къахьега деза сан, догIуш пенсе делахьара, шина балхахь хир яцара, хетарехь. Гена ду пенсе яха. Жима яц, сиха кIадло. АллахIа могашалла латтаяхь, бийр бу-кх болх кхидIа а, - боху Сидрата.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG