ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестано тIалибашца йохк-эцар лело барт бина


"ТIалибанан" делегацин декъашхо ву Москвахь /Гайтаман сурт
"ТIалибанан" делегацин декъашхо ву Москвахь /Гайтаман сурт

Петербургехь дIайаьхьначу дуьненан экономикан форумехь (ПМЭФ) ТIалибанан куьйгалла дечу Исламан Республика Афганистанан “йохк-эцаран-инвестицин полатица” Дагестанан Iедалхоша сурсаташ йухкуш а, бизнесан хьелаш чIагIдеш а берта куьг йаздина. Президента Путина дIакхайкхийра, Оьрсийчохь террорхойн леринчу йукъараллица йукъаметтигаш нисйар чIогIа йоьшуш ду аьлла.

ПМЭФ-хь ТIалибашца бина барт “дуьххьара шуьйра бартбар ду Афганистанан керлачу Iедалца” элира Дагестанан йохк-эцаран индустриин палатин куьйгалхочо Магомедов Бадрутина, йаздо "РБК Кавказ". Республико бан безаш "боккха болх" бу хьелаш а, йукъаметтигаш а нисъйеш - зорбан хаамашца, Дагестанан лаамийн йуккъахь ду хасстоьмаш лелор нисдар.

Петербургехь форум дIахьочу деношкахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дозанал арахьарчу хаамийн гIирсийн векалшна хьалха дIахьедира "ТIалибанца" йолу йукъаметтигаш нисйан йезаш хиларх. И йукъаралла Афганистанехь коьртехь хиларе терра Оьрсийчоь карарчу хенаца хьажа йезаш йу цуьнга, аьлла дIахьедира цо. Цул а кIира хьалха Оьрсийчоьнан МИД-о а, Минюсто а хьийхира президентан керла декъашхой террорхойн тептарера дIабахар – амма Дагестанца куьг йаздале иза кхин кхочуш ца дира.

Оьрсийчохь терроризмана гIодарна, террорхойн йукъарралашца ахчанца гIуллакх лелорна бархIанна тIера пхийта шаре кхаччалц набахтехь йаккха хан йогIу. Дагестанехь оцу артиклаца жигара хенаш тухуш йу йукъараллийн декъашхошна а, дин лелочарна а. Уггар гIардаьлла гIуллакх дара - "Черновик" газетан редакторан Гаджиев Мохьмадан гIоьналлин "Ансар" фонде сагIа даларна 17 шо хан тохар. Цхьа а бух боцуш цунна бехкаш дехкина хиларх цхьана кхелахочо тоьшалла дира.

  • "ТIалибан" боламо Афганистанна тIехь урхалла дар йухадерзийра 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь, оцу пачхьалкхехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн декхарш кхочушдинчул тIаьхьа. 2020-чу шеран чиллан-баттахь тIалибашна а, хIетахь президент хиллачу Трамп Дональдан администрацина а йукъахь хиллачу бертан дийцаршца а догIуш, президенто Джо Байдена эскарш цу чуьра арадехира.
  • ТIалибан Афганистанан куьйгалле ма кхоччура, йуха а дIакхайкхийра "исламан эмират" йу, доллу Iедал шогачу динан контролехь латтош долу аьлла. Музыка а, спорт а йихкина йу цигахь, шайн декхарш, тIалибийн векалша бахарехь, "бераш дар, уьш кхиор" долчу зударех йуккъерчу оьмарера гIарбаш хилира.
  • ТIалибан – радикалан исламистийн тоба йу, Оьрсийчохь террорхойн лаьрра. ХIетте а, Оьрсийчоьнан Iедалхоша овхIанхойн тIалибашца официалехь политикан а, йукъахь болхбаран а зIенаш латтайо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG