ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан хиллачу вице-премьерах йисина зуда йийна аьлла бехкево Нохчийчуьра криминалан гонашкара къуьнан кIант

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанан вице-премьер хиллачу Махачев Гаджих йисина зуда Каменева Анна йерна бехкево нохчех схьаваьлла 19 шо долу Муталибов Мансур. Иза лаца кхайкхийна, дуьненаюкъарчу лехамашка а луш. Талламчийн версица, Каменеван кӀанта тIедиллина хилла Муталибовна иза йер.

Низамхойн хьостанна тӀе а тевжаш, пачхьалкхан ТАСС агенталло хаам бина, зулам дина бохуш волу стаг лаца кхайкхорах лаьцна, цуьнан цӀе а ца йовзуьйтуш. Иштта билгалдаьккхина, и зуда йен хила тарлуш долу бахьана- Каменевана а, цуьнан кӀантана а йукъахь хилла дов ду аьлла. ХIусамехь цIано латтош йолу зуда хабарца цо Iехочу хенахь, важа шолгIачу гIат тIера зудчун хIусам чу а вахна, "масийтаза травматикан герз а тоьхна, цуьнан логах урс хьаькхна хиллера", дIахьедина хьасто.

РЕНТ ТВ телеканало йаьккхина бехкевечун цIе, жимчу стеган сурт ориентировкехь зорбане а доккхуш. Цу тIехь билгалдаьккхина, иза нохчо хилар, амма Испанера Гранольерс гIалахь вина боху. Телеканало чIагIдо, оцу кIентан да "криминалан гонашкахь гоьвалла" Муталибов Мохьмад ву аьлла. Советан заманахь Нохчийчохь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь болх бина ву, цигара балхара дIаваьллачул тIаьхьа Москва дIавахна иза, цул тIаьхьа ОПГ-н декъах дIакхеттера.

"Цхьахйолчу тобанан хьалханча волчу Ахмадов Абумуслиман аьтту куьг лоруш вара иза, ишта иза вузура рэкетца а", - йаздо РЕН ТВ канало. Федералан телеканалан хаамашца, Муталибовн тапча карийна и зулам динчу меттехь, ткъа цуьнан 19 шо долу кIант дозанал арахьа дIавахна лечкъина.

Москвара пачхьалкхан университетан аудитан школан доцент Каменева Анна йийна аьлла, дийца даьккхира марсхьокху-беттан 26-чохь. Вортана чевнаш йинчу, цуьнан дакъа карийра Подмосковьера Жуковка олучу эвлахь. Оцу меттигехь карийна травматикан герз а, цуьнан чкъоьргаш а. ТIаьхьо кхело лецира йийначун кIант, 17 шо долу Махачев Гаджи.

Оцу йукъанна хаамбора, коьрта шеконаш йерг - лаьцначун Нохчийчуьра доттагI ву бохуш. Цуьнан цIе хIинццалц схьа йоккхуш йацара. "Комсомольская правда" газето йаздо, йуьхьанца полицино ший а жимстаг лаьцна аьлла, амма тIаьхьо хаамбира, шолгIачун къайлавала аьтто баьлла аьлла. Муха ка йаьлла цуьнан вада-хууш дац.

Каменева Анна- Дагестанан хиллачу вице-премьеран, депутатан Махачев Гаджин зуда йу. Махачев ша велира 2013-чу шарахь некъан бохамехь. Цу шиннан йукъахь виъ доьзалхо вара.

  • Хасав-Йуьртара вахархочо шен хилла зуда а, цуьнан йоI а йийна герзаца. Официалехь йоцчу информацица, кафера балхара дIайала аьлла хиллера цо шен хиллачу хIусамнене, хIунда аьлча и болх эхье хеташ. Герз тоьхнарг лаьцна.
  • Марсхьокху-бутт бовш Дагестанехь лаьцнера меттигера вахархо, цуьнан нанна Iаткъам бан Iалашонца цуьнан пхи шо долу йоI лачкъийна йигина хиллера цо. Ша лаца баьхкинчу полисхошна а дуьхьало йина хилла цо, уьрсаца берана кхерам а туьйсуш.
  • Аьхка дийца даьккхира, Украинерчу тIамехь вийна криминалан авторитет, Кадыров Рамзанан "чалтач" санна вевзаш хилла Денисултанов Артур аьлла. Политикан бух тIехь нах байътина махкара бахархой тоххара а хьийсабора тIамтIе. Цигахь уьш нисбаларх а, кхиндIа хиллачу церан кхолламах а лаьцна тхан редацино дийцира шен материалехь.
XS
SM
MD
LG