ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан лаьмнашкахь доккха ло догIу; хьаьтт чухахкайелла, леш ду дийнаташ

DAGESTAN
DAGESTAN

Дагестанера ЦIунтан кIоштахь хьаьтт чухахкайеллачул тIаьхьа лай бухахь дисина зуда а, бер а. Зазадокху-бутт бовш дуьйна махкахь догIанаша лаьтташ ду.

ТIетохар: Лазийнарш кIелхьарабаьхна, уьш дарбанан цIинйе дIабигина. ТIаьхьо хаам бира, лазартнехь зуда йелла аьлла. Иштта кхелхина 19 шо долу Геджухера волонтер Михрабов Артем а. Мамедкалахь токхамашкахь зенаш хиллачу нахана гIо деш вара иза.

ШайтIли йуьртахь хьаьтт чухахкайелира охан-беттан I3-чу дийнахь. Прокуратуро дIахьедина, талламаш болийна шаьш аьлла. Бохам хиллачу меттигехь дIайазйинчу видео тIехь гуш йу йоьхна гIишлош, гIо дан орцахбевлла меттигера бахархой а. Цкъачунна аьтто ца баьлла орцан министраллан беракема гIаттон.

Ло бахьанехь хIаллакхуьлуш ду хьайбанаш; КIулинан кIоштахь I70 бежана делла, 40 устагI, 40 говр а, йаздина "Черновик" хьасто. "Лайна тIе кхин а кхерам кхетта- токхамаш. КIули эвлахь хIинцале а хиш тIедийла дуьйладелла. Цхьадолу цIенош дIатакхо тарло, цигара бахархой кIелхьара баха дагахь бу", - йаздо журналисташа.

Хьалхо дуьйцура Дахьадаевн кIоштахь токхамаш хила кхерам лаьта аьлла.

Гумбетан а, БотIлихан а кIоштийн дозанехь даккхий лайш дахкарна лаьмнийн буьххьехь йисинера говраш, 10 йелла царех, йаздо "Только Факты" телеграм-канало. Кхечу дийцаршца, йелла 20 говр.

Оцу йукъанна Дербентан кIоштара Геджухан чIингIехула хи чекхдалар бахьана долуш лаьцна ву коммерцин организацин хилла куьйгалхо, хаамбо пачхьалкхан ТАСС агенталало. Иза бехкево гидротехникан гIишлош йечу заманчохь кхерамзаллин барамаш ларбина цахиларна, адам хIаллакхиларна. Лаьцначун цIе зорбанашкахь йоккхуш йац.

Орцан министраллан хаамашца, охан-беттан 13-чохь Дагестанехь хино дIатакхийна нах чохь бехаш хилла 508 цIа, 528 лаьттан дакъа, 45 некъ. Ханна кечйинчу хIусамашкахь дIатардина 541 адам, ду царлахь 178 бер а.

Мел кIезиг а токхамаш хиллачух тIаьхьа кхо школа йуха меттахIотталур йолуш йац аьлла.

  • Дагестанехь, зазадокху-беттан чакхенехь а, охан-бутт болалуш а даккхий догIанаш даьхкинчул тIаьхьа шозза хиллачу токхамаша дина зенаш меттахIиттош хьийза. Мел лахара а 50 эзар стага кехаташ чуделла Iедале, шайн хIусамаш чохь Iен тарлуш йац аьлла. Хьалхо Дагестанехь а луларчу Нохчийчохь а чолхечу хьолан раж кхайкхийра федералан маьIнехь.
  • ШолгIа хи тIедаьллачу хенахь Дагестанехь диъ бер а, кхо зуда а йелира, царех цхьаъ доьзалхочух хиллера. ТIаьхьо схьакарийра Мамедкала эвлахь йайна хиллачу 70 шо долчу зудчун дакъа а.
This item is part of
XS
SM
MD
LG