ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан суверенитет къобалъяр тIедожийна Украинана Закаев Ахьмада


Закаев Ахьмад, ГIадужу-беттан 14-гIа, 2022 шо
Закаев Ахьмад, ГIадужу-беттан 14-гIа, 2022 шо

Къобалъязчу Нохчийн республикан Ичкериян арахьарчу Iедалан премьер-министро Закаев Ахьмада тIедожийна Украинана, Дагестанан суверенитет тIелаца аьлла. Пачхьалкхан субъекташ дIакъасторах дийцарш дарна Оьрсийчохь бехкзуламан жоьпалла ду тIедожош.

"Оха, Ичкерино, Къилбаседа Кавказан халкъийн конфедерацин керла кеп хьоьхур ю. И дерриг а дуьненаюкъараллин протекторатца дIахьур долуш ду. Оха массарна а хезаш дIахьедо, Кавказехь цхьа а тIом хир бац", - хаамбина Закаевс украинхойн "Главком" ресурсана еллачу интервьюхь.

Оцу юкъанна, политикна хетарехь, Кавказерчу процессашкахь Украино коьрта дакъа лоцур долуш ду.

Дахначу кIиранах Украинехь дIахьедира дагестанхойн лаамхойн батальон кхолларх Оьрсийчоьнан чугIортарна дуьхьал а, Дагестанан маршонехьа къийсам латтон а аьлла. Мехкан Iедалхоша комментарий ца йира оцу хаамех лаьцна.

  • Гезгамашин-баттахь Шейх Мансуран цIарахчу батальонан векало Белокиев Ислама хаамбира Кавказ.Реалиига, Дагестанан дозана тIехь махкана деоккупаци йеш, "Шемал" цIе йолу командиро куьйгалла а деш, "Имамат" тобано болх болош бу аьлла. Цо дийцарехь, оцу тобано хаамаш гулбийр бу ницкъаллин структураша куп тоьхначу меттигийн а, церан тIеман гIирсах а, техникех а. Оцу Iалашонашна республика йеа фронте а, 42 секторе а йекънера, хIораннехь а беш болу бу меттигерчу бахархошца.
  • Товбеца-баттахь Прагехь дIаяьхьира маьршачу халкъийн Форум. Иза вовшахтоьхначара довзийтира 34 мехкашка екъначу пачхьалкхан керла карта – цара дийцарехь, оцу мехкаша кхолла дезаш ду "Маьршачу Оьрсийчоьнан пачхьалкхийн доттагIалла". Оцу карти тIехь ю йозуш йоцу Кубань, Буьри-ГIалахь центр йолу "Кавказан Конфедераци", "Чергазойн Республика", "Донан Республика", йозуш йоцу ГIалмакхойчоь а, Дагестан а, Ичкери а ю - иштта екъна карти тIехь Къилбаседа Кавказ.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Документаца хоьттинчу кехата тIехь дIахьедо, Нохчийчоь СССР-на юкъара 1991-чу шарахь араяьлла хиларх, Ичкерия аьлла, ша йозуш цахилар дIа а кхайкхош. Иштта чIагIдо, ООН-н принипашца, цхьа бакъо йолуш а, халкъийн шайн харжам бан а йиш йоллушехь, Оьрсийчоьно дуьхьало латтайора цунна аьлла.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дош ца элира украинхойн парламентан сацамах лаьцна, ткъа "Грозный" ЧГТРК-н директоро Ахмадов Чингиза "филькина грамота"ю элира иза. Закаев Ахьмада билгалдаьккхира, Лакхарчу Радин сацам "нийсонан толам баккхар" хета шена аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG