ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь антисемитийн барамаш хиллачул тIаьхьа 300 сов протокол хIоттийна – йерриг административан артиклашца


Дагестанерчу ХIинжа-ГIалара аэропортера кема хьалагIоттучу новкъахь бу протестхой, 2023 шеран гIадужу-беттан 29-хь
Дагестанерчу ХIинжа-ГIалара аэропортера кема хьалагIоттучу новкъахь бу протестхой, 2023 шеран гIадужу-беттан 29-хь

ХIинжа-ГIаларчу дуьненайукъарчу аэропортехь антисемитийн къепедацарш хиллачул тIаьхьа 336 протокол хIоттийна низамхоша – дерриг административан артиклашкахула. И таллам арахецна "Медиазоно".

Гулам хIотторан низамаш ца лардарна олу артиклехула диллина дукхахдолу гIуллакхаш (302), кхин 17 стагна бехк биллина, цхьана хеначохь дукха нах цхьана метте гулбарна, кхаанна – полисхоша аьлларг ца дарна, кхин масех стаг вуххьара леларна бехкевина.

Протоколаш кхелашка кхочуш ду хIинца а. Кавказ.Реалиино йаздина ма-хиллара, царах доккхачу декъах ма-дарра девзаш дац. Амма Дагестанан Кизилйуьртан кIоштан кхело и гIуллакхаш талларх боьзна хааамаш бийцина. Цхьаболучара бехкаш тIе ца лоцура: ИрисбиевгIеран шина вашас Джабраило, Темава а шаьш аэропорте дIакхача ца ларийра – хIетахь къепедацарш дIадирзинера боху; Алиев Магомедзагида дийцина, шен гергарчу стагна дуьхьал вала веънера ша аэропорте, тIаккха Магомедов ИбрахIима боху, шен доттагI Москва новкъаваккха кхаьчнера ша цига. Таксин белхахочо Магомедов Мохьмада ша аэропорте стаг дIакхетийнера, амма барамашкахь дакъа ца лецира аьлла, амма важа машен лелорхо Такаев Рамазан къера хилира, Палестинех ша дорг лозуш хиларна, протестхойх дIакхийтира ша, ши йоI аэропорте схьайалийначул тIаьхьа.

  • ГIадужу-беттан 29-хь жуьгташна дуьхьал йаьккхинчу акци бевллачу декъашхоша дIалецира ХIинжа-ГIалара аэропорт. Гулбелларш Израило ГIазза декъехь лелочу къизаллашна дуьхьал бара. Аэропорте чубоьлхучу а, арабуьйлучу а нехан кехаташка хьуьйсура уьш. И нах тебан гIиртира полисхой, шаьш "царах кхеташ ду", уьш шайна "генара нах бац" бохуш. Цул тIаьхьа аэропортан гIишло чу а, кеманийн майдана а кхаьчнера протестхой. ТIеман беракемана тIехь спецназан эскархойн арабаха дизира Тель-Авивера деанчу кемана тIера нах.
  • ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепе йохорехь дакъа лаьцначех 20 билгалваьлла элира Iедало. Аэропортна хилла зен, официалан хаамашца, бIеннаш миллионаш соьманна ду. Ницкъ а беш, къепедацарш лелорна йолчу артикло бархI шаре кхачалц хан тоха магадо, тIаккха и барамаш вовшахтохарна – 15 шаре кхачалц, дуьйцу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан хаамехь.
  • ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепедацарш лелийначу "цхьанна а гечдийр дац" элира Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуьхьанца, амма гIурт эккхийтинчарна гечдар доьхуш, кхайкхамаш бинчул тIаьхьа шен риторика хийцира цо:"Хилларг хилла даьлла" аьлла, дIа а хьедеш. Кавказ.Реалиин сайто теллира, муха хийцайелира Меликовн оцу хаттарехула йолу позици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG