ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь чӀогIа догӀанаш даьхкина: некъаш хедда, хиш тIедийлина, газ дIайаьлла

ГIазгIумкийн кIоштара боьхна некъ. КIоштан администрацин сурт
ГIазгIумкийн кIоштара боьхна некъ. КIоштан администрацин сурт

Дагестанера Чародан а, Гунибан а кӀошташкахь догӀанаш дахкар бахьана долуш 51 эвла доьлху некъаш хедда, ГIазгIумкийн кIоштахь боккхачу некъан цхьа дакъа чудоьжна. Гергебилан кӀоштахь а некъ боьхна ишта, газан биргIа а хино дIайуькъна, хӀусамаш газ йоцуш йисина.

24 сахьтехь Гуниб-ЦӀуриб некъа тӀехь шозза токхамаш хилира, хаамбина Чародан кӀоштан администрацино. Де хьалха некъ цӀанбинера, дIаса ца бовлалуш лаьттачу бахархойн аьтто баьллера цӀаберза, амма товбеца-беттан 7-гIа буьйса йуккъе йахначул а тIаьхьа, йуха а текхнера и меттиг. Карарчу хенахь луларчу Гунибан кIоштарчу эвлашка вуьгу цхьаъ бен боцчу некъа тIехула дIасалелийла дац. Республикин прокуратуро дӀахьедина, шаьш тергонехь латтош ду некъаш цIандар аьлла.

Гергебилскан кIоштан хьаькамаша а ишта дIахаийтина, чехка догIанаш дахкарна, хьаьт чухьаьдда, некъаш хедарх. Меттигерчу бахархошка дехарш до, Дагестанан Левашинскан кIоштарчу Хьажалмахьи йуьрта ма гIертахьара бохуш. Къойсув олу хи тIедаьлла, масех эвла текхна, МаIли эвлахула чекхйолу газан биргIа а йохийна, нах газ йоцуш бисина.

ГIазгIумкийн кIоштара Мамраш-Ташкапур-Араканский некъан цхьа ах чуйоьжна, цигахь йукъ-кара бен машенаш дIасалелалуш йац.

Ишта догIанаш оьхуш ду ХIинжа-ГIалахь а, Iедалхоша дIахьедина "урамашкара хьал толлуш ду" шаьш аьлла, цкъачунна токхамаш хилла аьлла, дуьйцуш дац.

  • Кху шеран мангал-баттахь Чародинан а, Тляратинан а кӀошташкара исс эвлара некъаш такхар бахьана долуш дIасавала йиш йоцуш дара. Рисор хи тIедаларна дара и. ТIулгаш чухьадарна Унцукулан кIоштара некъ а дIакъевлина бара, машенашна уллохь бердийн дакъош охьаэгнера.
  • Кху бIаьста коьрта Iаламан бохам хилла дIахIоьттира Къилбаседа Кавказехь токхамаш. ТIаьххьарчу 107 шарахь хилла хIума дацара и, бохура тергамчаша. Къаьсттина даккхий зенаш хилира Дагестанехь а, Нохчийчохь а. Дагестанехь чухьаьдда хьаьт бахьана долуш чолхечу хьолан раж кхайкхийра ХIинжа-ГIалахь, Хасавйуьртахь, иштта кхин а иттанашкахь нах бехачу йарташкахь а. Урамашкахула охьаоьхура даккхий хиш, дIайаьллера ток, сецнера молу хи а. Оцу бурчаман шолгIа тулгIе хилира охан-беттан йуьххьехь. ХIетахь Дербентан кIоштара Геджухан хилаттийла дIайузар бахьана долуш чIинг иккхинера. Хино дIатакхийра Мамедкала эвла, федералан боккхачу некъа тIера тIай а чудоьжнера. Токхамаш бахьана долуш бархI стаг велира.
XS
SM
MD
LG