ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь гIаттамхой кечбеш бу аьлла, дIахьедина къобалъязчу Ичкерин агIончаша


ХIинжа-ГIала
ХIинжа-ГIала

Дагестанан дозана тIехь деоккупаци ярехула болх бу дIаболош лерринчу "Имамат" тобано, "Шамиль" цIе лелочу командиро куьйгалла а деш. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига дIахаийтина нохчийн лаамхойх йолчу Шейх Мансуран цIарахчу тобанан спикеро Белокиев Ислама.

"Карарчу заманчохь ала йиш ю сан, тхан вежарийн, дагестанхойн инициатива и хилар. Царех цхьа дакъа кхузахь, Украинехь, тхоьца ду. Важа дакъа цIахь", - аьлла Белокиевс редакцица хиллачу къамелехь.

"Имамат" тобанца беккъа дагестанхой бу, Нохчийчуьра бахархой цаьрца бац аьлла, билгалдаьккхина цо.

Цуьнан дешнашца, уггар хьалха тобанхоша лехьор бу ницкъаллин структураш куп тоьхначу меттигашкара а, церан дIасалеларх а, церан доларчу герзах, техникех болу хаамаш. Оцу Iалашонца республика йекъна йеа фронте а, 42 секторе а, цигахь хIоранхьа а беш болх бу меттигерчу бахархошца.

"Дагестанхошлахь дуккха а бу, Оьрсийчоь шайн доттагI йоций хууш берш. ТIаккха хIунда йиш яц церан бистхила? Дагестанехь нах лечкъабо, бойъу, ницкъбо, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш доху шайггара. Дагестанехь коррупци ю, даржашка шайн гергарнаш бен хIиттош бац. ТIаккха хIунда бакъо яц Дагестанан къаьмнийн шайн суверенитет къовса? ТIехула тIе, Оьрсийчоьнан колониализмана дагестанхой дуьхьал хилла историн къегина масалш ду", - кхетийна Белокиевс тобанхойн дог-ойланех лаьцна дуьйцуш.

Оьрсийчоьнан Зуламан кодексехь масех Iедалан къепе ю герзашца Iедалхошна дуьхьал латтарна а, территорин цхьаалла йохош кхайкхамаш барна а, къаьмнаш, мехкаш дIакъасторах къамелаш дарна а жоьпалла тIедожош. 20 шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо оцу бехкашца.

  • Товбеца-баттахь батальонан векало хаамбира Нохчийчохь дуьхьало йолорах а, махкана деоккупаци ярх а. Республика кхаа фронте (Северный, Центральный, Южный) а, 16 секторшка а екъна карта гайтира Белокиевс. Цуьнан дешнашца, хIора секторехь болх болийна меттигерчу бахархошца ницкъахойх, церан дакъош лаьттачу меттигех а, цаьргахь болчу тIеман гIирсах а лаьцна хаамаш гулбеш.
  • Информаци бакъйира иштта къобалъязчу Ичкерин хиллачу президентан кIанта Масхадов Анзора а. Оцу кепара дIахьедарш динчул тIаьхьа машанехь видео гучуелира, къайлаяьхна яххьаш йолчу шиммо Нохчийчоьнан байракх ягайо, Нохчийчохь ши тIом боьдучу ханехь федералан эскархойн карах шайн дай-наной байъарна бехкево цара мехкан хилла куьйгалхо Кадыров Ахьмад. Шейх Мансуран батальонехь хаамбира, Кадыровна джихIад кхайкхош болу видео тIера нах шайца гIуллакх долуш бац аьлла.
  • Царна жоп луш Кадыров Рамзан вистхилира, Украина Iалашъечу къобалъязчу Ичкерин агIончашка, - ша царна чIир кхайкхийна, шаьш делла дIадовллалц царна тIаьхьара а девр дац шаьш аьлла.
  • Украинан агIор тIемаш беш ю Дудаев Джохаран цIарах батальон (командир Осмаев Адам), ВСУ-н декъехь йолу "Акха арданг" батальон а, ЧIебарлойн Муслима буьйралла ден Шейх Мансуран цIарах батальон а – лаамхойн бакъонаш тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG