ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь кхеле кхачийна наркотикаш лелорна бехке вечу депутатан гIуллакх


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло теллина чекхдаьккхина Гуниб эвлан депутатана дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Депутат бехке веш ву наркотикаш лелорна.

Талламан версица, кхушара Товбец-беттан 27-хь депутатан машен сацийна хиллера Чох-Коммуна-Гуниб некъахула йогIуш. Депутатан дегIах хьожуш цуьнан хечин киснахь карийнера "боккхачу барамехь наркотик йолу орамат "каннибас" кIомал".

Карарчу хенахь гIуллакх дIаделла кхеле.

  • Ростов гIалин Первомайски кIоштан кхело дов луьстур долу де билгалдаьккхина меттигерчу наркотикаш терго йон а, уьш лелорна контроль йон а урхаллин къаьсттина ладаме гIуллакхашкахула оперативан уполномоченни волчу Зейгалов Амилна дуьхьал долийна хилла долу. Иза бехке веш ву шен цIахь наркотикийн йоккха парти латторна а, боккхачу барамехь курхалла лелорна а.
  • Хьалхо Ставрополан махкахь, колонехь луьрча хьелашкахь даккха 10 шо а тоьхна, чувоьллира полицин белхахо Янаков Дмитрий, наркотикан "туьхьа" дохкарна. Шена дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийча, къайлавала гIоьртинера иза.
  • Владикавказехь наркотик юхкуш лаьцнера криманалан талламан оперативник. Талламан версица, полисхочо 0,24 грамм метадон олу наркотик а эцна, оццу дийнахь йоьхкинера меттигерчу вахархочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG