ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь латтана тIехула юьртан маьждиган имам вийна, шинна чевнаш йина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанерчу Акушинскан кIоштарчу Аметеркмахехь меттигерчу вахархочо вийна маьждиган имам Магомедов Абид. Герзан кхийсаршкахь лазийна имаман ваша а, цуьнан кIант а.
"Дахаран хьелашна тIехула герзаш диттинера. Вийна маьждиган имам, цуьнан кIантана а, вешина а чевнаш йина. ТIелеттарг ведда", - хаамбина ТАСС агенталло. ТIаьхьо имаман ваша, 47 шо долу Магомедов Арип а дIаваьлла дарбан цIийнехь.

Оцу меттигехь карийна ши тапча а, автомат а. Mash телеграм-каналан информацица а догIуш, тIелеттарг ву 62 шо долу пенсионер Рахманов Асадулла.

Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло информаци тIечIагIйира Кавказ.Реалиина, амма билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Дагестанерчу урхаллан куьйгаллехь ду гIуллакх, цундела цунах лаьцна дуьйцийла яц аьлла.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло бехктакхаман гIуллакх диллина, Зуламан кодексан "Бакъо йоцуш герз лелор", "Стаг вер", "Массарна а кхерам болчу агIор стаг вер", "Массарна а кхераме болчу барамца шиъ-кхоъ стаг вен кIелояр" аьллачу артиклашкахь.

Хьалхо хаамашкахь дуьйцура, Махачкалара 60 шо долу Джамалудинов Омаргаджи а, Махачкалан прокуроран гIовс волу, цуьнан 29 шо долу воI Джамалудинов Ахьмад а вен кечлуш хилла, аьлла хета шеконашъерш лецарх. Талламан версица, 2020-чу шеран Мангал-баттахь 60 шо долчу Джамалутдиновца латта къовсуш иккхинчу девна тIехула, бекхам бан барт бина хиллера шеконашка эцначара.

Стохка Мангал-беттан 23-чохь Назранан кIоштарчу гергарчу нахана юкъахь а иккхира латтана тIехула конфликт. ЦIеххьана иккхинчу девнехь таллархойн "Сайга" карабинца виъ стаг лазийра бехкевинчо, дарбан цIийнехь цхьаъ кхелхинера царах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG