ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь некъан бохамехь 19 стаг лазийна, цхьаъ велла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Студенташ лелочу микроавтобусах кхетта Дагестанерчу Карабудахкентан кIоштарчу федералан "Кавказ" олучу некъа тIехь кир дIасалелон машен. Оцу инцидентехь велла цхьа стаг, лазийна 19.

Чевнаш йинарш Каспийскан а, Избербашан а, Карабудахкентан а дарбанан хIусамашкахь бу. Царех шингара хьал чолхе лору лоьраша, хаамбина ТАСС агенталло мехкан могушалла Iалашъяран министрна Беляева Татьянина тIетевжина. Хьалхо бинчу хаамца, дарбан хIусамехь охьайиллинчех цхьаъ доьзалхочух ю.

Хьехархойн колледжан 18 дешархо хилла микроавтобусчохь. Нохчийчуьра Дагестанерчу Дербенте боьлхуш хиллера уьш, доьшийла чекхъяьккхина, дипломаш схьаэца Iалашонца.

Меттигерчу телеграм-каналаша яздарехь, цхьахйолчу студентана вон а хилла, уьш лаьттачу хенахь микроавтобусах кхетта фура.

  • Кавказ.Реалиино яздира, Оьрсийчоьнан регионашлахь 2019-чу шарахь динчу зерашца, Нохчийчохь къаьсттина дукха бу некъан хьовзамашкахь белларш. Нохчийчохь лазийначу эзарех 251 кхелхина. ТIаьхьа йогIу цунна ГIалгIайчоь (160 велларг), ГIебарта-Балкхаройчоь (136), Дагестан (135)
  • Оьрсийчоьнан кхерамзаллин Кхеташонан секретаро Патрушев Николайс билгалдаьккхина Къилбаседа Кавказехь некъан кхерамзаллица дуккха а кхачамбацарш хилар. И доьзна меттигерчу бахархойн дахарна кхерам лакхабаларца. "Сагатдо некъан бохамашкахь бераш юкъахь долуш дукха меттигаш нисбаларо, автобусаш юкъахь йолуш хьовзамаш хиларо, гIашлошна тIе машенаш йеттаро, дукхачу хьелашкахь бехк нисло юкъара транспорт лелочийн", - элира цо 2020-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG