ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь некъан бохамехь хиллачуьнга гечдар дехийтина Кадыровн векалша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь зорбане даьккхина Дагестанерчу некъан бохамехь хиллачо гечдар дехийтар. Видео тIехь цуьнан цIе йоккхуш яц.

"Сийсазалла а, маьттазалла а соьгахьара нийса яцара цхьана а агIор. Гуттар а цунна дуьхьал хилла а ву со. Цундела Делан дуьхьа, айса аьшнашбинчарна хьалха гечдар деха луур дара суна. Вежараллин къаьмнашна юкъахь фитнан (барт бохор, бунт – редакцин билгалдаккхар.) бахьана сайгара хила ца лаьара суна",- аьлла видеороликан авторо.

Кадыровс бахарехь, Дагестанехь 95-чу (Нохчийчуьра) регионера машенаш сецийначу оцу тобана юккъера цхьаъ ву иза. Видео тIехь хеза машенлелорхочун сий дойу къамелаш, цо "мигалка" лелийна аьлла.

Дагестанера бакъоларъяран органашкара хьасто Кавказ.Реалиина дийцарехь, Кадыровн цIарах республике цуьнан векалш баьхкинера: "Тхан ницкъахошца цхьаьна видео тIехь волчу стагана тIелеттера уьш, иза схьа а карийна, гечдар дехийтира цуьнга".

Цул тIаьхьа Нохчийчохь Iедалшкахьа йолчу агIонаш тIехь роликаш гучуйийлира 05 регионера (Дагестан) машенашца. Уьш сецайора бакъонашларъярхоша, хьовсура машенех, реза цахилар гойтуш, куьзганаш тIера пардош дIадохура. И дерриг а хилира Кадыров Рамзана гамо марсаяккхар дихкинчу юкъанна.

Хьалхо нохчийн хьаькамаша "кхетийра" меттигера спортхой-блогерш, "къоман сий дойуш, маьтттаза лелар" могуьйтург цахиларх. И къамел долоран бахьана дара, хетарехь, ийначу кепехь латарийн спортхочун Тамаев Асхьабан дагестанхойн спортхочуьнца довдалар. Кадыровс бахарехь, спортхойн конфликто машенлелорхошна юкъара хьал эгIийнера.

  • "Кхеторан болх" дIабахьале масех де хьалха конфликт иккхира нохчийн спортхо-блогер, Халк цIе лелон Тамаев Асхьаб юкъахь а волуш. Дагестанехь масийттазха бетах хIума туьйхира цунна – машен нийса дIахIоттийна яц аьлла.
  • Хьалхо Кадыров Рамзанан омра дира, шена гергахь бехкала бахначу, дозанал арахьа бехачу Нохчийчуьрчу бахархошна таIзар ден практика юха йолон еза аьлла. Цо дIахьедира, уьш цIа а балош, "швабрашца горгамаш хьоькхуьйтур ю" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG