Заг: Дагестанера а, Ростовн кIоштара а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, Кубанера а берийн садоIийлашна санкцеш тоьхна Евроберто
Кхарачой-Чергазийчуьра берийн "Адель" лагеран директорна Чомаев Iелина а, иштта Дагестанера а, Ростовн, Краснодаран а кIоштийн берийн хьукматашна дуьхьал а санкцеш йаьхна Евроберто. Оцу хьукматаша Украино дIалецначу меттигашкара бераш тIеоьцу, царна "бертаза ассимиляци йеш, идеологи хуьйцу украинхойн кхиазхойн" аьлла Евроберто.
Оршотан дийнахь Евробертан официалан сайтехь зорба туьйхира оцу сацамна. Документа тIехь билгалдаьккхина, "Адель" берийн садоIийлехь идеологин а, тIеман а чулацам болу барамаш цхьанаэбо, ишта дешаран программаша къаьсттина тидам тIебохуьйту Оьрсийчоьнан позицица йолчу "патриотизмана а, бахархойн муьтIахьаллина а, историкан нарративашна а" аьлла. Ишта тIеман гIуллакх а, Оьрсийчоьнан пачхьалкх Iалашйан декхаре хилар а марздеш.
Оццу бахьанаца санкцийн тептаре йаьккхина Ростовера Неклиновскан кIоштара спортан-могушаллин "Ромашка" комплекс а. Цигахь берийн "украинхойн къоман идентификалла йохон" гIерта аьлла. Тептарехь йу ишта тIеман ловзаршна бераш йукъаийзаден Таганрогера берийн а, кегийрхойн программийн "Машар" центр а, Дагестанера "Солнечный берег" дешаран центр а.
- Австралино шордина Оьрсийчоьнаца доьзна санкцийн тептарш. Доккхачу декъана цу йукъа йазйина Кадыров Ахьмадан цIарах Фонд. Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, ГIазза секторехь фондо гIо дар бахьана долуш, тоьхна йу цунна санкцеш аьлла. Амма Австралин арахьарчу гIуллакхийн министралло зорбане баьккхинчу сацама тIехь диллина йаздина ду, Украинана дуьхьал тIеман агресси йолорца доьзна тоьхна санкцеш йу аьлла.