ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера ММА-н латархо лаьцна, буьйсанан клубехь талор дарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ММА-н Дагестанера латархо, каранаш а доцуш, буйнаш бетташ латаршна юкъахь дакъалаьцна Мамедов Абубакар лаьцна талламан изоляторе хьажийна Москвахь, хаам бо Кавказ.Реалиино. "Добряк" цIарца вевзаш а ву иза.

Цунах шек бу цо буьйсанан клубехь садаIархочунна йиттина хиларна. "Москвахь суьдо лаьцна Мамедов талламхоша дехар дарца, дIасавер вац аьлла куьг таIийна ша тIелаьцнарг кхучуш ца дарна. Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, ницкъ а беш талор дарна", - хаам бина ТАСС агенталло, низамаш лардо органийн цIе ца яьккхинчу хьастана тIе а тевжаш.

Талламхойн версица, стохка ГIудужу-беттан 9-хь Москварчу Gipsy клубехь садоIуш хиллачу стагана йиттина Мамедовс, кочара заьIа а йоккхуш. Эшам хиллачо латкъам бина полице. Масех де далале спортхо дIалаьнера, хилларг къастош иза цIавахийтинера, дIасавалар а дихкина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG