ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера ОНК-н куьйгалхочо критика йина Астраханехь шен махкахо лацарна

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанера Йукъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шемала критика йина меттигера вахархо, автоблогер волу Магомеддибиров Магомеддибир лаьцна латторна. Некъаца хилла дов бахьана долуш чохь валлош ву иза. Цунна набахтехь даккха пхи шо хан тоха тарлуш ду, Магомеддибировна дуьхьалваьлларг дуьххьара цунна ницкъбинарг воллушехь. И дерриг а видео тIехь гуш ду.

"Астраханан кIоштара полисхошна хаьий-те, 2026-гIа шо перзиденто Оьрсийчохь "Оьрсийчоьнан халкъийн цхьааллин шо" ду аьлла, дIакхайкхиний. Йа вайлахь къаьмнаш ду-те, гIуллакх мухха нисделлехь а, бехкедолуш, и цхьаала царах хьакхалуш йац? Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре лупа хIунда ца йоьху аша, тIаккха гур дара шуна, мила хьанна тIелетира", - дIахьедина Хадулаевс.

Цуьнан хаамашца, Магомеддибировн хьокъехь беш хилла талламаш дIабирзина, хIинца цуьнан материалаш прокурорехь йу.

Астраханехь вехаш волу Дагестанера орамаш долу автоблогер лецира 2025-чу шеран дечкен-баттахь. Иза бехкевина гандболан тренерна Заикин Георгийна тIелетта аьлла. Оцу йукъанна дов иккхинчу заманчохь дIайазйинчу видео тIехь гуш ду, Закин хьалха лата волавелларг вуй. Цул тIаьхьа Магомеддибиров полици ваханера цунна дIахьедан, чоьхьарчу гIуллакхийн декъера дIа иза дарбанан цIийне вигира, хье-туьта лазийна хиларна. Амма дукха хан йалале иза лаца баьхкира дарбанан цIийне. Гандболан тренеро цунна дуьхьал дIахьедар чу делла хиллера.

  • ХӀинжа-ГӀалахь кхело йалх шо хан кхайкхийра чохьрчу гIуллакхийн министраллин декъан кхаа белхахочунна, полицин декъехь Украинехь бинчу тӀеман ветеран валарца доьзна. ВоьалгӀа бехкевинарг а тIамтIе хьажийнера, цигахь иза кхелхира.
  • Дагестанерчу Буйнакскан кӀоштарчу полисхойн декъехь хеттарш динчул тӀаьхьа велира ницкъахошна герз деттарна бехкевийриг а, оцу инцидентан теш хилларг а. Талламо гIуллакх луьстуш ду, чIагIдо республикерчу Юкъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочо Хадулаев Шемала. Лецначара хьалхо масийттазза латкъамаш бира цигахь Ӏазап латтош хиларх лаьцна.
XS
SM
MD
LG