Пачхьалкхан прокуроро доьху кхеле, экономикан зуламаш лелийна аьлла бехкевечу Дагестанера схьаваьллачу шинна, "Сумма" тоба вовшахтоьхначу Магомедов Зиявуддина а, цуьнан вешина, сенатор хиллачу Магомедов Мохьмадна а 24 а, 21 а шераш тоха шогачу хьелашкарчу колонихь даккха аьлла.
Иштта прокуроро шина а вешина 1,5 миллион сом гIуда а, таIзар текхна ваьллачул тIаьхьа шина шарна дIасавалар а доьхкуш сацамбе аьлла, хаамбо пачхьалкхан "ТАСС" информагенталло.
Москварчу Мещанскан кхелехь къевлинчу рожехь дIахьош ду МагомедовгIеран Зиявуддин а, Мохьмадан а довхаттар. И шиъ бехкево зуламхойн тоба кхолларна а, иштта 11 миллиард соьме гергга ахчанаш лечкъорна а, дохкарна а. Дохку бехкаш тIе ца лоцу таIзаре хIиттийначара, церан адвокато дIахьедо, нийсонца бина бац таллам.
- Стигалкъекъа-баттахь Москвара Хамовникан кхело къобалйира МагомедовгIеран вежаршкара Оьрсийчоьнна 750 миллион доллар даккха аьлла Коьртачу прокуратуро чукховдийна иск. Прокуратурина хетарехь, Новороссийскан хIордан йохкаран портан "Транснефть" йоьхкича оццул акциш кхаьчнера МагомедовгIарна. ТIехь терго латточу урхаллина хетарехь, и акциш оьцуш коррупцин пайдех са йоккхуш хилла, Магомедов Мохьамада Федерацин Кхеташонехь шен йолчу таронех пайда а оьцуш. Оцу юкъанна цаьргара схьадоккху ахча доьазза сов ду вежарша МагомедовгIара эцна бохучул а.
- Зазадокху-баттахь Федерацин Кхеташонан хиллачу декъашхочун Магомедов Мохьмадана юкъара хилира ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо, СССР-н Турпалхо Аушев Руслан а, иштта гоьваьлла ши хоккеист Якушев Александр а, Касатонов Алексей а.
- Цул а хьалха иштта Магомедовна юкъара хилира миллиардхо Тимченко Геннадий а, делахь а кхело лаьцна витира экс-сенатор.
- 2021-чу шеран гIуран-баттахь "Новая газетан" коьрта редактор, Нобелан машаран премин лауреат Муратов Дмитрий вистхилира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире диллинчу кехатца, цу тIехь МагомедовгIеран вежарийн масална тIехь гайтира, Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан 210-чу Iедалан къепех (зуламан юкъаралла вовшахтохар йа цу юкъахь дакъалацар) муха пайдаоьцу лартIахь лелочу совдегарийн гIуллакхах криминализаци йеш.