ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера вахархочунна таIзар дина "дискредитацина" тIехула – ша нохчо ву а аьлла, къепе йохийна хилла цо


Нижневартовск
Нижневартовск

Нохчийчуьра вахархо ву ша аьлла, Нижневартовскера Ильясханов Артур бехкевина административан шина гIуллакхехула - хулиганалла а, Оьрсийчоьнан эскаршна дискредитаци лелорна а – ши шиша а дохош, Украинехьа гIо дохуш, лозунгашца мохь биттина цо. Нижневартовскера нохчийн юкъараллин декъашхоша хIинцале а дIахьедина, харцахьа лелларг – Дагестанера вахархо ву, цуьнга бехк ца биллар дехийта дагахь ду шаьш аьлла.

Ши шиша къаьркъанах ахча дIадала аьтто ца хиллачу цо, туьканахь дохийна уьш, ткъа йохкархочо хьайна тIаьхьара дIацIанйе аьлча, "нохчочо оьрсийчун цкъа а хIума юьттур яц" аьлла, дIахьедина. Видео тIехь мохь туху цо: "Сий хуьлда Американ, сий хуьлда Украинин", яздо Baza гIирсо.

37 шо долчу Ильясхановна административан ши протокол хIоттийна, хаамбо Muksun.fm ресурсо, гонашкарчу МВД-н пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Оьрсийчоьнан эскаршна дискредитаци ярна а, харцахьа леларна а 32 эзар соьмана гIуда тоьхна цунна. Урхаллин хаамца, Югре веана хилла иза карарчу беттан 22-чохь белхаш бан.

Туьканахь хулиганалла лелийнарг Дагестанера вахархо хиллера, дIахьедира ХМАО-хь волчу Нохчийчоьнан векало Абдулхаджиев Iаббаза. И гIуллакх "Нохчийчу дIакхаьчна" аьлла, тIетоьхна цо.

"Тхо цуьнца цхьанакхийтира, охьа а хиина, дохковаьлла, воьлхура. Кхана дIахьажо там бу оха иза. Цигахь луьстур цуьнца дерг", - хаамбина Абдулхаджиевс. Хьалхо дIахьедира цо, нохчийн диаспора Ильясхановца "къамелдан" лерина ю, тIемаш боьлхучу меттиге дIагIо аьлла, цунна хьеха а хьоьхуш.

  • Нохчийчуьрчу Гуьмсера вахархочо С.Рамзана видео дIаязйира, шена бехк цабиллар доьхуш, Машук лома тIехь ша дечух а кхеташ, Украинана дуьхьал болийначу тIеман пропагандистан билгало – Z элп дохорна.
  • Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста видеорепортажаш гучуюьйлу гечдар доьхуш. Нохчийчуьрчу бахархошкара "сийсазечу видеон" тергойина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино, дуьненаюкъарчу динан маршонах 2021-чу шарахь хIоттийначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна Нохчийчуьрчу зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш кхайкхор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG