ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь хIордо даьхьна ГIалгIайчуьра да а, йоI а


ГIалгIайчуьра да а, йоI а Таркойн хIорда чу дахна, мохо хIорд ловзабаьккхинчул тIаьхьа. КIелхьаръяьккхина нана дарбан цIийнехь ю. Избербашехь шинарин динахь хилла ю юьйцу инцидент.

Таркойн хIорда чохь луьйчуш хилла ГIалгIайчуьра беана доьзал, еанчу тулгIено дIахьулдина да а, йоI а, яздо "Дагестанская правда" газето.

Орцанхоша хи чуьра хьалаяьккхина хе ваьхьначун хIусамнана, лоьрийн крахь ю, аьлла Дагестанерчу орцан министралло. Ден а, йоьIан а декъий схьакарийна, хаам бина орцанхоша.

Маршо Радионо яздира Товбеца-беттан 14-чохь Нохчийчохь Невран-кIоштахь 15 шо долу къиазхо Терко вахьарх.

"Уллохь орцах вала баккхийчех стаг цахиларна цуьнан доттагIчун аьтто ца баьлла кхиазхо кIелхьарваккха", - хаам бинера Оьрсийчоьнан Талламан комитето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG