ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанера ял оьцучу хьукматан кхаа белхахочух шеконаш ю, цара кхаьънаш эцна аьлла


Дагестанерчу ял эцаран хьукматан кхаа белхахочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш айдина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна. Махкарчу Талламан комитетан урхалла бо и хаам.

Зуламаш дина аьлла, шеконашка эцна Дагестанан федералан ял эцаран хьукматан урхаллан конролан декъан хьаькам а, дехьа-сехьа лелаш, талламаш бечу декъан куьйгалхо а, цуьнан белхахо а.

Доьдучу шеран Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь лецна уьш 8 миллион сом кхаъ оьцуш, аьлла ду бинчу хаамехь.

  • Охан-беттан 10-чохь коррупцина бехкевина лецира Дагестанера Ространснадзоран 13 хьаькам, урхаллан куьйгалла дийриг а цхьаьна.
  • Хьарамлонаш лелорна а, зуламхойн тоба вовшахтохарна а бехкевина лецира Дагестнан туризман министр волу Ибрагимов Расул. Талламан версица, гIеметтахIоьттинчу нахана а, заьIапхошна а догIуш хилла бюджетера 620 миллион сом лачкъийна хилла цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG