Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан (МВД)декъан гIишлона хьалхарчу полицин машенех цIе йиллина Дагестанские Огни гIалахь вевзаш воцчу цхьаммо. Цул тIаьхьа къайлавала аьтто хилла цуьнан. "Интерфаксо" яздо цунах лаьцна, меттигерчу мэрин хаамна тIетевжина.
КIиран буса хилла ю инцидент, амма гIарадаьлла и гIуллакх хIинцца. Камераша дIаяздинчуьнца, мила ву ца хуу стаг вилспетахь полицин декъана улло веана. Девзаш дац хиллачун бахьанаш.
Дагестанерчу МВД-н урхаллан сайтехь бина хаам бац, полисхойн машенаш ягорах.