Галстукаш кхин модехь яц Дагестанехь. Луларчу Нохчийчохь санна, Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочуш деш волчу Абдулатипов Рамазана мехкан Iедалан белхахошна тIедиллина церемонешкахь а, гуламашкахь а "халкъан духар" леладар. Кху беттан 26 чохь, мехкан Конституцин Де даздеш, дуккха а Iедалхой баьхкинера чоьанаш, кафтанаш, сарафанаш, галпе-хечеш юьйхина.
Нехан духарца бала кхаьчна Абдулатиповн а
5
Дагестанехь шортта болх бу Iедална бан. Белхаш бац; коррупци ю, цамгар санна, яьржина; бойуш, идош нах бу; хьаннашка дIаоьхуш кегий нах бу. Амма Абдулатиповна наха лелош долчу барзакъана бала кхаьчна.