Коьртачу прокуратурано дахначу шарахь Оьрсийчуьра бакъонан а, низаман а хьолах лаьцна чот арахецна – тIехьоьжучу хьукматан рапортаца а догIуш, Оьрсийчохь юхатоьхна 28 теракт, царах 11 Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а.
Ницкъахойн хаамашца а догIуш, кхоккха теракт йан Iалашо хиллера Ставпоролан махкахь, аннекси йинчу ГIирмехь а, иштта уьш юхатоха аьтто баьлла Дагестанехь, Адыгейхь, ГIебарта-Балкхарайчохь, Астраханан махкахь а, хаамбо РИА "Новости" агенталло докладна тIе а тевжаш.
Коьртачу прокуратурано дIахьедо, нах гулбеллачу меттехь а, доьшийлашкахь а, транспортан инфраструктурин объекташкахь а, ягочун-тоькан комплексехь а кечъеш хиллера теракташ. Дайначу шарахь ца хьахийна йолу цхьа регион – иза Сибрехан федералан гуо.
*Оьрсийн официалан статистико аннекси йинчу ГIирмехь долу хьал юкъалоцу.
- Охан-беттан 25-хь ФСБ-но дIахьедира, Ставрополан "цхьахйолчу транспортан инфраструктуран объектехь" теракт юхатоьхна, аьлла. Теракт кечъярна шеконашка лаьцна дIалецира цхьа стаг – тIечIагIдеш ду, иза Оьрсийчохь магийна йоцу "Исламан пачхьалкхан" агIонча хилар, дийцарехь, иза "арахьарчу эмиссарийн тIедилларш кхочушдеш" вара.
- Охан-бутт юккъе баьлча иштта леринчу сервисаша дIахьедира, магийна йоцу террорхойн ИГИЛ цхьанакхетараллан агIончаш дIалацарх лаьцна, цара, дийцарехь, Кхарачой- Чергазийчохь теракташ кечъеш хиллера. Хьукматехь билгалдоккху, "Исламан пачхьалкхан" тIедилларца дIалаьцнарш Iедалан органийн цхьахйолчу объектехь эккхийтар дан гIерташ хиллера.
- Оьрсийчохь адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, сих-сиха тIемалой хиларна бехкебечара кхелашкахь дIахьедо, таллам боьдучу юкъанна ницкъаца яьхна шайгара кийтарлонаш, бохуш.