ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишца уьйраш хиларна Оьрсийчуьра бехкехетарг лаьцна Туркойчохь


Террорхойн ДАIИШ организацина дуьхьал Хонкарахь операци дIахьочу юкъанна лаьцна, Интерполехула лоьхуш хилла Оьрсийчуьра вахархо. Полицина къаьстина, бакъо йоцуш иза Туркойчу веана хилар, яздо Hurriyet гIирсо.

Зорбанаша яздарехь, лоцучу заманчохь цуьнгахь карийна харц кехаташ а, иза "Исламан пачхьалкх" (Оьрсийчохь йихкина организаци) олучу тобанхошца хиларх тоьшаллин цхьацца хIуманаш а.

  • Хьалхо дьйцура, ден-ненан Iуналлера даьлла, Туркойчохь дисина диъ бер кеста ГIалгIачу цIадалор ду бохуш.
  • Оьрсийчохь йихкинчу, Идлибехь (Алеппо) жигара лелачу "Хьайат Тахьрир аш-Шам" герзашца лелачу тобанан декъашхоша дIалаьцна нохчийн баьччан Шишани Муслиман (Маргошвили Мурад)штаб-квартира. Американ Пачхьалкхан департаменто террорхойн тептаре ваьккхина иза, ву ишта Интерполон лехамийн базехь а. Мангал-бутт бовш "Хьайат Тахьрир аш-Шам" тобанан лидерша ультиматум хIоттийнера нохчийн командирна, шайх схьакхета, йа Шемара аравала аьлла.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG