Таганрогера СИЗО-хь латточу бусулба тутмакхаша йекъа мацалла кхайкхийна марсхьокху-бутт чекхболуш дуьйна. Лецначара дийцарехь, харцонца дӀайаьхна цаьргара церан хӀуманаш а, цӀано латтош болу гIирс а, чу-ара бовлар лахдина, гергарчаьрга шайна ма-луъу телефон тоха а бакъо йац. Иштта аьрзнаш кест-кеста кхочу Къилбаседа Кавказерчу тутмакхашкара: церан гергарчарна хетарехь, Оьрсийчоьнан набахтийн системехь бусулба нахаца кхечаьрцачул а алсам дискриминаци лелайо.
Тхан редакцин хьостанаша чӀагӀдо, Таганрогерчу СИЗО-хь и объект ФСБ-н Ӏуналле кхаьчначхьана, тӀеӀаткъам бар чӀагӀделла бохуш. Оцу йукъанна низамаш дохор дукха хьолахь тидамза дуьсу, Ӏуналла дечу хьукматаша аьттехьа а тергал ца дарна.
Зазадокху-бутт бовш дуьйна Таганрогера СИЗО-хь масех иттаннашкахь тутмакхаша-бусалбаша мацалла хьоьгу. Церан гергарчара дийцарехь, цхьаболчийн могушалла эшна йогIу де дийне, шайгарчу хьолана тIе тидам ца бохуьйтучу цара шаьш шайн дегIана зенаш деш хиллера. Оцу доллучу хьолах лаьцна Мемориалан" бакъонашларйархошка дийцина лецначу нехан гергарчара.
И протест кхайкхон бахьана даьлла хиллера дечкен-баттахь тутмакхийн бедарш, церан цхьаццаболу цIано йен гIирс дIабаккхарна, хIинца а йухайелла йац уьш царна. Цул сов, лецначара дийцарехь, лийча а ца бохуьйту уьш, шайггара бахьанаш а лехьош, карцер чу хьийсабо. Набахтин урхалло церан аьрзнаш тергал ца деш дитина, ткъа Федералан таӀзарш кхочушдаран урхалло (ФСИН) а, прокуратурано а, гергарчара дийцарехь, формалехь доцца жоьпаш луш буьту уьш.
Таганрогехь хьал чIагIделла Украинехь тIом болийчхьана
Бакъонашларйархоша бахарехь, уггар а хьалха протест йолийнарг ву Налчикера вахархо Дзуев Заур, иза бехкевина террорхойн йукъараллехь дакъалаьцна аьлла. Цунах дIакхетта кхин а исс стаг, царлахь ву Дагестанера Ханилаев Магомед. Иза Таганрогера изоляторехь нисвелла кхечу бусалба кегийрхойн тобанца Ростовера номер 1 йолу СИЗО дIалаьцначул тIаьхьа. Мацалла кхайкхийначу тутмакхашлахь ву ишта Нохчийчуьра Албеков Рамазан а, цунна бехке диллина Ростовера набахтехь 2024-чу шарахь закъалтхой лецар.
"Тюбера джамаIат" олучу тобанах дIакхетарна бехкевина Ханилаева Магомед. Талламан версица, Дагестанера Тюба эвларчу номер 7 йолчу колонихь бусалба цхьана тобано вовшахтоьхна йу и. Церан Iалашо йара боху "конституцин дIахIоттам хийцина, шарIа дIакхайкхор".
2024-чу шарахь Ростоврчу СИЗО-хь закъалтана нах лецначул тӀаьхьа Ханилаев кхечу тутмакхашца цхьаьна Таганроге дехьаваьккхира. Цу гурахь бакъонашларъярхоша хаам бира, кхерамазаллин ницкъаша мукӀарлонаш дайтархьама царна тIехь гӀело йеш хиларх лаьцна. Эххар а, Ханилаев закъалтана нах лецарна бехке ца вина, ткъа оцу бехктакхаман гIуллакхехула жоьпалле озийна Албеков Рамазан.
Системо хIуьтаренаш лелор
Бакъонашларйархоша бахарехь, ФСИН-н хьукматашкахь бусалба болчу тутмакхийн бакъонаш хьешар кест-кеста нислуш хIума ду. Лецначара а, церан гергарчу наха а дIахьедо цаьргара бедарш схьайахарх, динах лаьцна жайнаш ца дитарх цаьргахь, ламазан кузаш схьадохуш хиларх, чу-ара бовлар лахдарх. Иштта латкъамаш до чомахь марха ца кхабийтарх а, ламазна новкъарло йарх, йеттарх кест-кеста. Къаьсттина хаало Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нахаца динан а, къоман а билгалонашца дискриминаци лелор.
Цу кепара хиламаш хиларх билгалдаьккхира хьалха а. 2018-чу шарахь Оьрсийчоьне дӀавелла Украинерчу Шейх Мансуран батальонехь тӀемало хилла волу Тумгоев Тимур йух-йуха а тидам тӀебахийта гӀиртира Вологдерчу No 5-чу таӀзаран колонехь латточу хьелашна. Цуьнан йишас Маринас бахарехь, шегахь латточу харцонца къийсам латтош, цо 18 дийнахь мацалла хьегна хиллера, кара мел йеана ира хIума кийра йохуьйтуш хиллера, шен бат дIатегна а хиллера цо.
Гергарчара чIагIдо, шена тIе лоьраш битийта а, доьзалца а, адвокатаца а цхьанакхетийта и барамаш лелийнера цо.
Иштта сингаттаме хаамаш бу ГӀалгӀайчура схьаваьллачу Точиев Абубакаран гергарчаьргара кхаьчнарш а. Цара дуьйцу, Омскерчу таӀзаран колоне дӀакхаьчча, цунна йиттинера, гӀело йинера бохуш. Доьзал а, адвокат а хӀинца кхоьру цуьнан дахарх. 2022-чу шарахь Якутехь цхьана тобано йукъахь стаг лачкъорна а, верна а 17 шо хан туьйхира Точиевна.
Изза хьал лаьтта 38 шо долчу Нохчийчуьра вахархочуьнгахь Висангириев Сайд-Мохьмадехь а, цо ахшо хан йаьккхинера ша цхьаъ Владмирскерчу номер 3 йолчу колонехь. Цуьнан вашас дийцарехь, цунна тIе ца буьту лоьраш, цIе ца йоккху цамгар йу аьлла, шеконаш йоллушехь. 2019-чу шарахь Висангириевна чохь йаккха 11 шой, цхьа буттий хан тоьхна баккхийчу барамашкахь талораш лелийна аьлла. Вашас бахарехь, цунах ца Iебаш, бух боцуш "экстремизм" артикл а тIейожийна цунна.
Бусалба тутмакхашна тIехь гIело латторо протесташка бохура уьш 2020-чу шарахь, шайна йукъахь Мордовера номер 5 йолчу колонехь хилла къепедацарш а долуш. 2022-чу шеран бIаьста Саратовн кӀоштарчу 4-чу таӀзаран колонехь вовшахлийтира бехкебина бусулбанаш а, зуламан субкультуран декъашхой а. Бахьана дара мархийн бутт.
ФСИН-н объекташкахь бусулба нехан бакъонаш талхоран бахьанех цхьаъ ду Нохчийчохь тӀемашкахь дакъалаьцна нах цигахь белхаш беш хилар, аьлла хета "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина. Цо бахарехь, тӀамехь дакъалаьцнарш дукхачу хьолехь лазаршца буьсу, амма хӀетте а царна реабилитаци ца йо, церан терго а ца йо. Оцу хьоло Ӏаткъам бо Къилбаседа Кавказера тутмакхашца лелочу гӀуллакхна.
Оцу дагардинчу хIуманаша билгалдоккху, Оьсрийчоьнан набахтешкахь нах чохь латтон хьелаш ледара хилар а, цаьрца лелош харцонаш хилар а. Нохчийн бакъонашларйархочо тIечIагIдира, бух боцуш колонешкахь дозанаш деттар схьадогIуш ду хIокху дуккхаъчу шерашкахь (редакцино ца йоккху къамелдинчун цIе, цуьнан кхерамзалла Iалашйеш).
"Бусулба нахана а, Къилбаседа Кавказерачу нахана а дискриминаци йар массанхьа а хуьлу. Иза хуьлу тайп-тайпанчу регионашкахь. Иза уггаре а хьалха хьакхалуш ду дийнахь пхоьазза ламаз дар тIедиллинчу нахах, ткъа ламаз дале хьалха –эца а ма дезий церан. Таганрогехь и дерриг а кхин тIе телхира хьал Украинана тIелеттачул тIаьхьа, хIетахь ФСБ-но шен Iуналле йерзийра Таганрогера СИЗО", - бохуш кхетийра цунах бакъонашларйархочо.
Кхин бахьана а доцуш, тутмакхашкара церан хӀуманаш а, цӀано йен гIирсаш а дIабахар, чуьра ара а ца бовлуьйтуш, зӀе а дӀайаьккхина уьш латтор – иза къиза бакъонаш талхор ду, дукха хьолахь тӀеӀаткъам баран кеп санна а леладо иза. И тайпа барамаш бусулба нахана йа Къилбаседа Кавказерачу нахана къастош лелош хилча, иза динца йа къаьмнашца доьзна дискриминаци хила тарло, билгалдоккху нохчийн бакъонашларъярхочо, юристо Янгульбаев Абубакара.
"Юридикехь мах хадо оьшу тоьшаллаш: документаш, къамелаш ауди тIе дIайаздар, дараш дар, кхечу тутмакхашна хIиттийначу хьелашца дустар. Вуьшта кхелаша а, тIехь Iуналла латточу органаша а бакъдо цхьаццайолу рожан хьелаш талхош хилар, дискриминаци хилар тIечIагIдарца. Цундела пайда бер бу аьлла, дегайовхо йу, и хьал тIечIагIдан факташ йелахь. Нагахь санна и харцонаш йух-йуха а лелош йелахь, тIаккха прокуратуро а, кхело а администраци декхаре йойла ду хьелаш хийца", - билгалдоккху къамелдечо.
Амма, цо бахарехь, оцу кепара инциденташ дукха хьолахь хьакъ ма ду тидам боцуш йуьту, царна тIехь куьйгалла латточу органаша тесна а йуьтуш.
Лаккхарчу тIегIанехь дина аьрзнаш
Оьрсийчоьнан набахтешкахь бусалба нехан бакъонаш ларйарца доьзна проблемаш лакхарчу тIегIанехь а нисло. 2017-чу шарахь Шевченко Максима, ша ЕСПЧ-н декъашхо волуш, Путин Владимиран терго тIеозон гIоьртира. Журналисто бахарехь, "уггар а бакъо йоцчу" бусалба тутмакхашна доьхку ламаз дар, нуьцкъаша хьакхийн жижиг доуьйту цаьрга, мажош а дIайошуьйту. Цунна жоп лучу презиленто элира "терго оьшу оцу декъехь" аьлла.
Оцу кепара латкъамаш регионалан тIегIанехь а хезаш хуьлу. 2025-чу шарахь Нохчийчуьра Чернокозовре а колонехь латточу тутмакхаша дехар дира мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане. Лецначара йаздинчу кехата тIехь, и зорбане даьккхира оппозицин "Нийсо" боламан жигархоша, дIахьедира колонехь шайца лелочу харцонех лаьцна. Шайн хIуманаша камераш чуьра йарах а, гергарчара кхоьхьуьйту тIоьрмигаш чу ца кхачорах а лаьцна латкъам бира цара. ТIаьхьо, церан дешнашца, и арз динчул тIаьхьа церан хьал кхин тIе а чIагIдира, царна таIзарш дора, йуучух хьегабора.
Цул совнах, цхьана пресс-конференцехь Кадыров Рамзана элира, Къилбаседа Кавказера бахархоша набахтешкахь шаьш хьийзадо бохуш дечу дIахьедарех цхьана журналисто шега хаттар делча, шайггара цара йуьйцуш хIуманаш йу уьш, аьлла, ша цу йукъа гIорта Iалашо йолуш цахилар дIахаийтира. Мехкан урхалхочо билгалдаьккхира: шайгара хьал аттачу доккхур дара алий, сатийса ца оьшу лецначара, хIунда аьлча, даккхий зуламаш дина нах бу уьш. "Набахте-курорт а, санаторий а йац",- аьлла дIахадийра цо.
2020-чу шарахь Оьрсийчохь тIеэцна, формалехь тутмакхаш шайн цIенна гергарчу колонешка дехьабаха могуьйту низам. И низам Iаламат маьIне дара Къилбаседа Кавказера дуьненан йистехь хан токхучу бахархошна.
Официалан хаамашца, механизам болх беш йу: тIаьххьарчу шина шарчохь Нохчийчуьра таIзар токхуш хилла 156 стаг шайн даймахкарчу набахтешка сехьаваьккхина, ткъа 1,5 баттахь кхин а 22 стаг. Цунах лаьцна хаамбира омбудсмено Солтаев Мансура.
Амма билггал дерг муха ду аьлча: Къилбаседа Кавказера схьабевллачу лецначарна дукха хьолахь дуьхьало йо сехьабаха. Бакъонашларйархоша боху, нохчашна, кхаьсттина тIемашца доьзначу гIуллакхашкахула хенаш тоьхначарна, даим а дуьхьало йеш йу. Шайлахь олу Iедалхоша, ницкъаллин структурашна а, къайлахчу сервисашна а и нах "Iаламат кхераме" хета, царна тIера терго дIайаккха кийча ца хуьлу уьш.
Бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна а, герз лелорна а 4 шой ах шой хан тоьхначу Баканиев Саляхьна масийттазза бакъо ца йелира Федералан таӀзарш кхочушдаран урхалло шен цӀенна герга дехьаваккха. ТӀаьхьо кхело сацам бира и гӀуллакхаш низамехь дац аьлла. Иштта халонашца Iоттавелира ГIалгIайчуьра Дидигов Зураб а, Нохчийчуьра Джантемиров Доку а, Дахтаев Iалбек а.
Оцу йуккъехула чIогIа къаьсташ ду, Немцов Борис вийна аьлла, набахтехь латточу Бахаев Хьамзатан гIуллакх. Кировн кIоштахь хан токхуш волчу цо арз динера, шен доьзалца кхачам боллуш йукъаметтигаш латтон аьтто ца болу шен, цIенна генахь хиларна аьлла. Эххара а Соьлжа-ГIалина 70 чакхарма генарчу Чернокозовера колони схьавалийра иза. Оцу кепрачу масалша, бакъонашлелорхошна хетарехь, билгалдоккху: системехь болх бечу наха озабезамаш лелош хилар.
- Кавказ.Реалиино масийттазза хаам бира Оьрсийчоьнан набахтийн колонешкахь, къаьсттина Красноярск-махкахь, бусулба нехан бакъонаш талхош хиларх лаьцна. Масала, 31-чу колонехь тутмакхашка кехаташ йаздойтуш хиллера бусалба динах дIахедаш, ткъа журналисташа динчу хаттаршна жоп луш, Федералан таӀзарш кхочушдаран урхаллан Красноярскерчу декъо бусулба тутмакхаша дина аьрзнаш моттаргIанаш йу элира.
- Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъонашларъярхоша а билгалдоккху, тӀемалой хиларна бехкебечара кест-кеста кхелехь тоьшаллаш до, йуьхьанцарчу талламехь шайна тӀехь Ӏазап латтийна, харц тоьшаллаш дайтина шайга бохуш.