ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дакъа цакхаьчначийн гIаттам". Муха юьйлаелла, стенца йоьрзур ю Казахстанера протесташ


 Казахстан, Уральскера дуьхьалонан акци, Дечкен-беттан 4-гIа 2022 шо.
Казахстан, Уральскера дуьхьалонан акци, Дечкен-беттан 4-гIа 2022 шо.

Юкъарчу кхерамзаллин бертан организацино (ОДКБ) эскарш ду хьовсош Казахстане цигарчу президентан Токаев Касым-Жомартан дехарца. Цунах лаьцна Фейсбукехь яздина еарин буса Эрмалойчоьнан премьер-министра Пашинян Николас. Хаамо бахарехь, Казахстанан президентан дехар хилла а ца Iа бахьана - "арахьара юкъагIоьртинчу ницкъаша" кхерам бохьу пачхьалкхан суверенитетна. Ткъа дац арахьара тIеIаткъам беш ницкъаш хилар гайта далош тоьшаллаш, ца даладо уьш Пашиняна а. Протесташ йолина Казахстанан бахархоша экономикаца доьзна: пачхьалкхо хIусамашкахь ягочу газан мах лакхабаьккича.

Эрмалойчоьнан премьер-министра бахарехь, ОДКБ-но, Юкъарчу кхерамзаллин организацино, Казахстане машарбаран дакъош хьовсо сацамбина "махкара хьал паргIатоне даккха йолчу Iалашонца цхьана ханна". ОДКБ-н декъашхошлахь ю Оьрсийчоь, Эрмалойчоь, Беларус, Казахстан, ГIиргIазойчоь,Таджикистан. Хьовсочу эскарийн барам бовзуьйтуш бац.

Протестийн деа дийнахь эшам хилла бахархой бу бIеннашкахь. Бахьана делира махкахь газан мах цIеххьана совбаккхаро, амма нехан резабацар сиха дирзира политикан хорша. Полицица хиллачу тийсадаларшкахь мел дукха бу байъинарш, лазийнарш цкъачунна алалуш дац. Белларш хиларх лаьцна хаамаш баржабо официалехь йоцчу хьостанаша, ткъа Казахстанан президента Токаев Касым-Жомарта шен дIахьедаршкахь хаийтина полицин могIаршахь кхелхинарш хилар.

Къепедацарш лаьттачу юкъанна, Дечкен-беттан 5-чохь, ерриг а пачхьалкхехь дIалакъийна интернет, амма керла хаамаш баьржа хIетте а. Протестийн шоралла гойту кхаарин дийнахь Казахстанан коьрта шахьар лаьттинчу Алматахь леллачу хьоло. Дечкен-беттан 5-чохь гIаттамхой кхечира аэропорте, дIалецира иза. Яьржина информаци, президентан резиденцех а яьлла цIе, иза ягийна аьлла. Демонстранташа къевлина гIалин центр, хIиттийна дуьхьалонаш. Актобе гIалахь меттигерчу Iедалан цIа (акимат) дIалаца гIоьртина протестхой. Кхечу гIаланашкахь а хилла гуламхойн а, полицин тийсадаларш, шаьш дIаса ца лахкийта, Iедалхошкара герз дIадаккха гIиртина нах. Уральскера хаам бу, дуккха а меттигера бахархой лецна аьлла.

Казахстанан коьртачу шахьарахь Нур-Султанехь ( Астана хилларг) юкъаяьккхина комендантан режим буса 11 даьлча Iуьйранна 7 даллалц йолчу ханна. И кхерамзаллин барам кхайкхо дезна кхечу гIаланашкахь гIаттамхой арахь буьйсанаш йохуш Iийна хиларца доьзна. Юьхьанца Алматахь а, гонаха а, Мангистаусан кIоштахь а даржийна хилла кхерамзаллин хьал шордина, ерриг а пачхьалкх яьккхина кхерамзалла Iалашъяран хьоле. Амма протестхоша ларъеш яцара Iедало кхайкхийна режим.

Алматарчу полицин департаментан буьйранчас Таймерденов Каната бахарехь, протесташ лаьттачу деношкахь шахьарахь ягийна I20 сов машен, талораш дина 120 туьканна, 180 кафена, ресторанна, йиттина 500 сов вахархочунна, 130 зуда а, къано а ву царалахь. Ягийначу машенашлахь полицин, цIейойъучу дакъойн, орцан медицинан ю 33. Амма и информаци бакъян я харцъян яц таро яц йозушйоцчу хьостанашкара.

"Настоящее Время" телеканална интервью еллачу Казахстанан-Немцойн университетн профессора, Юккъерчу Азин кхерамзалла тергалъечу говзанчас Бурнашев Рустама (иза карарчу хенахь Алматахь ву), шена кхаарин буса серло туху, тата оьккхуьйту гранааш кхуьйсуш хезира, дийнахь грзаш а дуьйлуьра, аьлла. Амма шегара информаци "юьззина яц, цо ца буьззина гойту хIоьтинчу хьолехь пачхьалкхехь а, шахаьарахь а тIехIоьттина кхерам", элира.

Бурнаевс билгалдоккху гIаттамхошна хилла зен а цкъачунна мах хаддол девзаш дацар: "Соьгахь йолчу информацица, Iедало шен берриг а ницкъ юкъабаккханза бу, шога хьойзахь а.Суна хууш, цкъачунна нах байъа герзаш ца диттина ницкъхоша. Хууш ду, Аматара аэропорт дIалоцучарна цхьа дуьхьало ца йина низам лардечу урхаллаша, церан белхахой буьйлабелла дIабахана цига гIаттамхой дIакхьчча".

Казахстанера протесташ оцу пачхьалкхан чоьхьара гIуллакх ду, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс. "Тхо теша вайн Казахстанерчу доттаг2аша шаьш луьстург хиларх шайн чоьхьара проблемаш", – аьлла цо. Коьрта ду, цо бахарехь, цигрчу хьоланна юкъа арахьара ницкъаш цагIертар. Оьрсийчоьне Казахстано гIо ца дехна, бохура Песковс. Цо къамел дира Дечкен-беттан 5-чохь, амма оццу дийнан сарахь президента Токаевс официалехь дийхира Оьрсийчоь шен декъехь коьрта ницкъъ болчу Юкъарчу кхерамзаллин бертан организацига (ОДКБ) протесташ хьошуш гIодар.

"Юкъарчу кхерамзаллин бертан организацина тIе а тевжаш, ас тахана дехна ОДКБ-н пачхьалкхийн куьйгалхошка Казахстанна терроризман кхерам юхатухуш гIодар. Ма-дарра аьлча, иза беккъа дIа кхерам бац, иза вайн пачхьалкхаллин цхьаалла йохор ду, уггаре коьртаниг – иза ду вайн бахархошна тIелатар дар, цара доьху соьга, пачхьакхан куьйгалхо со хиларе терр, шайна орцахвалар", – дIахьедина Токаевс пачхьалкхан "Хабар-24" телеканалан эфирехь.

Казахстанехь ягочун мехаш десторца доьзна протестан акцеш юьйлаелира масех де хьалха. Дуьххьара гулам бара Жанаозенехь Дечкен-беттан 2-чохь. Беннаш нах бахара оцу акцехь дакъалаца, цхьаберш буьйса яккха а бисира гIалин центрехь. 3-чохь гуламхойн могIарш буьзира Актау, Алматы, Актобе, Уральск, Тараз, Шымкент, Кокшетау, Нур-Султан гIаланашкарчу бахархоша. Протесташ ерриг а пачхьалкхехула яьржина. Таханенна уггаре баккхий боламаш лела Алматахь, Актаухь, Жанаозенехь. Оцу гIаланашкахь центрашка хIиттийна юрташ а, четарш а, цига дIагIертарегионашкара дуккха а бахархой.

Маршо Радион казахийн сервисна Радио Азаттыкна интервью луш, "Кхерам бусту тобанаш" цхьаьнакхетараллин директора, политолога Сатпаев Досыма довзийтира протесташ юьйлаеллачу Казахстанан малхбузерчу регионашкара экномикан хьал: "Бакъду, алапаш лакхаро ду мехкан малхбузехь, амма мехаш а бу сов лакхара. Цу тIе, массо а бахархой бац мехкдаьтт доккхучуиндустрехь белхаш беш. Нийсо яц: массарна а хаьа Казахстан кхобург цуьнан малхбузера регионаш юйла, амма нахана гурш ду коррупцино хьийзаде миллиардаш, ахча пачхьалкхан коьртачу шахьара дIадоьду, ткъа йисина регионаш пекъарш хилла еха. Цу тIе, Казахстан сов кхиина яьлла а яц культурица, социалан маьIнехь. Ахча доккху наха, амма кхетам кхион меттигаш ца тоьу, еша меттигаш ца кхочу, садоIийлаш яц, Алматахь я Астанахь санна. Цундела цхьа ахча-бохча дац протестхоша дуьйцург, адаман кхиран индексаш ю".

Протест йоло бахьана делларг экономика елахь а6 сиха политикан тIегIане кхаьчна иза. Наха урамашкахь боху: "Къанвелларг, дита Iедал, цIагIо" – президент лаьттинчу Назарбаев Нурсултан ву хьехориг.

Гуламашка бевллачу наха кхойкху Iедал маьрша харжамаш хIитторе, коррупци дIаяккхаре, гергарлонашкахула охабезамаш бар дитаре, конституцин реформа кхайкхоре. ТIаьххьара кхайкхам бозу I993-чу шарахь тIеэцна хиллачу конституцица – иза юхаялае, бох протестан могIарша. Оцу конституцица 65 шо сов хила мегаш дацара президентан (волуш волчу президентан Токаев Касым-Жомартан 68 шо ду). Даяккха боху гуламхоша Назарбаевна елла шатайпа, еза статус "къоман лидер".

Шоручуьра ца сацаелла протест массо а Iедалхой даржашкара бохуш, министрийн кабинет мукъаяккхаро а – президента и сацам дIакхайкхийра Дечкен-беттан 4-чохь. Ца туьгу бахархой парггIат цIехьаберза газан мах лахбича а, Назарбаев Нурсултан пачхьалкхан кхерамзаллин кхеташонан к уьйгалхо волчуьра дIаваьккхича а (къоман лидер хиларе терра, валлалц цуьнгахь буьтуш бара и меттиг. Назарбаевна Талдыкорган гIалахь хIоттийна хилла хIоллам а дIахьаьшна бахархоша. Назарбаевн цIе лелош йолчу объекташна тIелетарш дина масех гIалахь.

В КАВЫЧКИ: ПаргIатонехьа болу лидерш лецна, масала, наха къобалвеш волу Бокаев Макс

Политолога Саптаев Досым элира ша Азаттык Радиона еллачу интервьюхь, Токаевх ца кхета протестан декъашхой, хIунда аьлча, хийцалур йолуш яц я экономика а, я политика а: "КхидIа хIун хир ду? ХIинца Токаев ала гIерта шаьш цхьа пайде хийцамаш бийр бу, амма цуьнан дерриг а доьрзу беккъа дIа цхьана битаме хийцамашца, иза хила гIерта нахах кхеташ, амма ша политикан система яц хийцалур йолуш. Оцу хьоло кханенна бух ц ало Казахстнна, кхана-лама юха а гIовттур бу бахархой".

"Либерти" фондан куьйгахочо Агелеулов Галыма дийцира, стенна гIевттин нах – иза газ бахьанехь а дац, адамаш кIадделла авторитаран режимах, пачхьалкхехь реформаш еш яцарх:

– Юкъараллашка ладугIуш а доцу авторитаран Iедал лан ц ало нахе кхин, цо некъ ца буьту халкъанна шайн пачхьалкхан доладан, хьоьшу маршонаш. ПаргIатонехьа болу лидерш лецна, масала, наха къобалвеш волу Бокаев Макс (Атырау гIалахь иккхинчу протестан гуламант хьалханча вара иза 2016-чу шарахь, дуьхьал вара пачхьалкхехь латтанаша дIасадохка магош хиларна, 5 шо текхна цо набахтехь, ша цигара араваьлча, кхушеран Чиллан-баттахь, конституцин реформа оьшу пачхьалкханна, аьлла даржийра цо). Iедална хьашт яц гражданан юкъаралла, цунна лай беза, мехкдаьттан индустри дIакхехьа, элитина олаллехь латта, газ, мехкдаьтта Назарбаевн доьзалийн, гергарчийн долахь ду. Ас буьйцурш бу Назарбаевн йоIарийн Динарин а, Даригин а майранаш – Кулибаев Тимур, Шерипьаев Кайрат. Мехкдаьттах йолу са царна кхочуш ю, – аьлла хета Агелеуловна.

Политологна Аркадий Дубнов иштта го Казахстанера хьал:

– Ларамза дац тахана хилларг. Iедал тIех цадешаш лелара халкъах, цунна оьшу экономикан, социалан хьелаш ледара кхиадора, иза гайтра газан мах цIеххьана бесторо, масала. ШолгIа делахь, цхьа шизофрени ю цигахь: кхеташ дац, мила пачхьалкхан коьрта лидер, хьалха куьйгаллехь лаьттина Назарбаев шен гонаца цхьаьана я таханлера Токаев Касым-Жомарт. Назарбаевс хIоттийна и кеп пачхьалкхехь, яц демократи я парламентан балхаца, дац хезаш бахархошна луург, хетарг. Цундела халкъо иза майданашка а даьлла дIаолуш ду кху деношкахь.

В КАВЫЧКИ: Ша-шаха иккхина протест ю иза, коьрте хIотта ницкъ ца кхаьчна, гарехь, цхьанненан а

Ала догIу, тахана Оьрсийчохь а хила сахьт дац Казахстанехь дериг. Кхузахь а яц вистхила майда, дискуссия ц, гIаIгIа-бала балхо некъ ца битина. Хабаровско а гайтира хила тарлуш дерг.

– Казастанера Iедал хьаша лерина ду протест я кхочушдан тарло цо гуламашкахь доьхург – Iедал хийцар, керла хажамаш дIабахьа, Конституци карлаяккхар?

– Халахеташ делахь а, кеста хьошур бу гIаттам, атта ду арабевллачу нахах провокаторш, хулиганаш, бандиташ, мародераш бу баха. ГIевттинчийн бац лидерш, да вац нехан лаамаш дIакхайкхо. Ша-шаха иккхина протест ю иза, коьрте хIотта ницкъ ца кхаьчна, гарехь, цхьанненан а. Iедалехьа бу аьттонаш, атта ду нах террористийн могIаршка язбан. Цундела Iедал тоьлур ду тахана: цхьана ханна. Iедало дан дезарг – бакъйолу демократин, жэкономикан реформааш кхайкхор. Токаевс шен кара дIагулбийр бу ницкъ, иза деш а ву иза хIинцале, яхначу буса Назарбаевн гергара стаг даржера дIаваьккхина цо - Халкъан кхерамзаллин кхеташонан коьртерчу Самат Абишан, Сатыбалдыулы.

– Советан Iедал доьхча кхоллаеллачу пачхьалкхашкахь муьлхха а протесташ лилхича, Оьрсийчоьнан балакхочу. Казахстанехь оьрсий беха. Тарлой цунах бахьана а дина, Оьрсийчоь цигахь къепе хIотто араяла, масала иштта нисделира 20I4 шарахь Украинехь?

– Цхьаъ делахь, харц гIулч хир яра Кремло йоккхург, иза цигара хьал долаэца гIоьртича. Москва йоьлла иштачу меттигашкахь НАТО-н а, Американ хьашташ ду лелаш баха. Амма хузахь бац цхьа а и тайпа кхерам. ХIун дийр ду Кремло ала со хуттур вац, амма дика хир дара хьоле тийна-таьIIина ладоьгIча, ца оьшура Захарова Марияга я "соловьевгIаьрга" оьшург дийадаккхийта. Иштачо кхин а дестор ду Казахстанехь иккхин хьал, Оьрсийчоьнна адам огIаздахарца доьрзур ду, - боху политолога Дубновс.

Интернет дIаяккхарца доьзна Дечкенбеттан 5-чохь банкаш яцараболх беш Казахстанехь: масала, мобилан программашкахула ахча дIаса ца хьажалора. Социалан машанаша дийцарехь, оцу бахьаница рагI лаьтта банкоматашна хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG