ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Далиева: "Тхо кхоьру, коьрта бехкениг таIзарх валарна..."


Талламан комитето дуьхьало йина Сунжа кIоштан полисхойн декъан куьйгалхо Беков Мохьмад лаца. Иза бехкево дахначу шеран аьхка эксремизмаца къийсам латточу Центрехь ницкъбина 50 шо долу меттигера вахархо Далиев Мохьмад верна.

Кавказ.Реалии портале бина и хаам Далиевн гергарчара.

«Сан ваша валаран бахьанаш талла долийча, Беков дIа ца лецира Iедало. Ша могуш вац, дарба лело Москох вахана аьлла, дIахьедира цо хIетахь. ХIинца иза ГIалгIайчу юхавеана, пIераскандийнахь кхеле озон везаш вара иза, амма суьдхойн кхеташо дIататта дийзира, Беков кхеле цаварна. Могуш воцуш а хилла, дарбан цIийне дIавигинера ша боху цо», - аьлла дийцина Кавказ.Реаллига Далиевн йишас, ПетIамата.

Тахана, Зазадоккхучу-беттан 12-чу дийнахь гучудаьлла, шоьтадийнахь Беков Iедало лаца а лаьцна, Талламан комитете леван валийна хиллийла. Амма цуьнга цхьа а дов ца кховдош, шина сахьтехь къамелаш а дина, маьрша витина иза.

Шен хьасташна тIе а тевжаш, Далиев Мохьмадан йишас, ПетIамата дIахьедо, шен вешин гIуллакх луьстуш волу талламхо 48 сахьтана Беков сацон дагахь хилла, амма ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан куьйгалхочо Могушков ИбрехIима пурба ца даларна, бакъо йоцуш висина аьлла. Стенна делахь а, талламбар дIадахдеш ду Бековс, тешаш а, бехкенаш а дуьхь-дуьхьал ца хIиттош.

«Шинарийдийнахь кхел ю хила езаш, цу дийнахь Беков бехкехилар тIечIагIдахь, цунна доьхкур ду дIасавахар. Тхо кхоьрург ду, иза СИЗО-чу а ца вуллуш витар. Сан вешех йисина Марем ю теш, Мохьмадна ницкъбинарг Беков хиларан. Цуьнца бартбан гIерташ, шен нах тIеэхийтира Бековс», - дуьйцу Кавказ.Реалии порталан журналисташка Далиева ПетIмата.

Далиевас бахарехь, церан адвокаташ лерина бу, Бековн могашалла толлуш берш бозуш боцу лоьраш хилийта. Церан шеконаш ю, Бековн медицинан тоьшаллаш харцхиларна.

Цкъачунна Кавказ.Реалии порталехь ницкъаллийн структурийн белхахошкара комментареш йоцуш ю.

Хьалхо Маршо Радионо дийцира, стохка банкана къоладина аьлла, шеконашца экстремизмаца къийсам латточу Центре бартхатта далийначу Далиев Мохьмадах а, цуьнан зудчух Точиева Маремах а лаьцна. Цу Центрехь тIехь ницкъбинера шинне а, Далиев Мохьмад Iазапах хьалха ца велира.

ХIетахь дуьйна ницкъ ца кхочура ДалиевгIеран бехкечарна таIзар дайта.

Ессентукерчу Талламан комитетан куьйгалхочун гIовсна Карнаухов Борисна уьш тIекхаьчначул тIаьхьа, леца болийна зуламна бехкеберш.

XS
SM
MD
LG