ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дарбанхочунна тIевахначу шина нохчочун юьхьъяьхна "Грозный" телеканалан эфирехь


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Нохчийчуьрчу Энгель-Юьртара шина вахархочуьнгара бехкаш даьхна "Грозный" пачхьалкхан телеканалан эфирехь, ГIебарта-Балкхаройчуьра "хIумахуучунна" тIевахна аьлла. Сюжетехь чIагIдарца, луларчу республике ваханера и шиъ шайн доьзалийн дахар нисдан лаам болуш.

"Грозный" ЧГТРК-н инстаграмерчу агIонехь хIоттийначу исс минотехь йолчу сюжетехь дуьйцу, лаьцначех цхьаъ шен дIаяхана хIусамнана юхаяло лууш хилла, шолгIаниг – "ша аьллачунна тIехь йоцу йоI меттаялон" лаам болуш хилла бохуш.

"Ламастехь йоцчу кепашца шен доьзалан аьтто бан дагахь хилла Адаев Хьусайн. Цундела шен юьртахочуьнца ГIебарта-Балкхаройчу Заурбек цIе йолчу "хIумахуучунна" тIевахана хилла иза. Декъазчу безаман истори ю", - боху сюжетехь авторо.

Видео тIехь гойту меттигера ши вахархо, иштта Iеламча, исламан медицинан Центран коьрта говзанча Эльжуркаев Адам а. Цаца болу кораш долчу хIусамехь бу уьш. Роликехь дуьйцу, Эльжуркаевс "профилактикан" къамел дира цаьрца, бехкебийраш кортош охкийна лаьтташ бу.

Геотего гайтарца, Серноводск олучу эвлахь ду и гIуллакх, тергам бина "Кавказский узел" ресурсо.

  • Масийтта шо хьалха доладелла Нохчийчохь хIумахуу нах лецар. ТIаьххьарчу цхьана шарахь меттигерчу телевизионо гайта а гойтуш, мел лахара а, 14 вара лаьцнарг. Даим санна, шайгара даьллачунна дохкобуьйлу лецна балийнарш, камерана хьалха бехк ца биллар а доьхуш. "Терроризмел а, наркоманел а кхераме" ду боху сюжеташкахь цара лелориг.
  • Нохчийчуьрчу бахархойн "сийсазе гечдар доьхуш" видеон тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу, Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG