ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Датхойн политико юха а КъорIан дагийна, цунна бехкевина Кадыров


Стокгольмера Туркойчоьнан векалтна хьалха Палудан Расмус , дечкен-беттан 27-гIа
Стокгольмера Туркойчоьнан векалтна хьалха Палудан Расмус , дечкен-беттан 27-гIа

Датхойн ультра-аьттон хьежамаш болчу политико, антиисламан Stram Kurs ("Жесткий курс") партин лидеро Палудан Расмуса иттех дийнахь кхозлагIа КъорIан дагийна. Керла акци Данирчу Оьрсийчоьнан векалтан гIишлонна хьалха хIоттийнера цо.

Палудана зорбане йаьккхинчу видео тIехь дIахьедина, деза жайна "Нохчийчоьнан а, цуьнан лидеран а бехкана" догу аьлла, иштта дуьххьара КъорIан дагийча Палудан "террорхо" ву аьллачу UFC-н латархочун Чимаев Хьтамзатан а.

"Царна лела хууш делхьара, цаторийла хир йацара Оьрсийчоьнан векалтана хьалха КъорIан дагон", - хаамбина политико.

ХIара акци, кхул хьалха хилларш а санна, меттигерчу Iедалхошца дагаваьлла хIоттийна йара, йаздо The Insider ресурсо.

Дечкен-беттан 27-чохь Копенгагенехь шозза КъорIан дагийра Палудана – Туркойчоьнан векалаллина хьалха а, маьждигна хьалха а, хааамбира Associated Press-о. Швецин НАТО-на юкъайаха Туркойчоьно новкъарло мел йен хIора кIиранах и дан дагахь ву ша аьлла цо. Масех де хьалха Палудана чIагIо йира Оьрсийчоьнан векалтана хьалха а изза дан.

Акцин Iалашо йара аьлла, дIахьедира Палудана Туркойчохь маршонаш къийларна дуьхьал къийсам бу аьлла. Оцу пачхьалкхан Iедалхоша йемалйира и акци, оцу тIехуда дIатеттира шведахойн тIеман министр Хонкара вар а, иштта бехкбиллира Стокгольмна Швеци НАТО юкъа йахарх хьалхо дийцаредина хеттарш дохорна а. Швецин арахьарчу гIуллакхийн министро дIахьедина, пачхьалкхехь дешан маршо ю, амма и бохург дац, Iедалшца цуьнан массо а агIо бакъйо бохург. Премьер-министро Кристерссон Ульфа шена халахетар дIахаийтира, Стокгольмехь хиллачо халахетийтинчу массо а бусулбанашка.

  • КъорIан дагош хIоттийначу акцих Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пайдаэцна Украинана дуьхьал болийна тIом бакъбеш а, Ичкерин агIончашна критика йеш а. Цо бух боцуш бехкедина Швецин Iедалхой, цара "ахча делла" хIоттийна йара акци аьлла. Оцу тIера волавеллачу Нохчийчоьнан урхалхочо критика йина НАТО-на, тIеман союз "иблисан кхоллам" бу аьлла, цуьнца кхетийна цо Украинана дуьхьал болийна тIом а. Иштта бехкбаьккхина цо "евроичкерийхошкара" а тапъаьлла Iарна.
  • The Insider хьостан хаамашца, Стокгольмера барам хIоттош ахча делла хилла журналисто, Russia Today телеканалан стрингер хиллачу Фрик Чанга. Делахь а, цо дIахьедина, КъорIан дагаде ша цхьаьнге а ца баьхнера, RT каналца юкъаралла 2014-чу шарахь дIахадийна ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG