ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудовс бехкбаьккхина Ичкерин векалшкара, Францехь хьехархо вийначу кIантана тIе ца хIиттарна


Даудов Мохьмад
Даудов Мохьмад

Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр волчу Закаев Ахмадера а, Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIантера Масхадов Анзорера а бехкаш дохучу нохчийн парламентан спикера Даудов Мохьмада дIахьедина, Францехь историн хьехархо Пати Сэмюэль вийна нохчо Анзоров IабдуллахI "жихIадехь велла" ала кхийрира уьш аьлла.

"Шух цхьаммо охьа а хиъна, и кIант жима вара, вий иза, Мохьмад Пайхамарна карикатураш яхкарна дуьхьал хиларна, Дала гIазот къобал дойла цуьнан ца элира. ХIетахь-м ца элира аш, шаьш майра делахь хIинца алийша. ХIан-хIа, аш эра дац. ХIунда эра даций? Аш иштаниг алахь, шу цIа хьовсор ду, цундела тапъаьлла Iийр ду шу. Иза кхонах вара ала къонахалла ца тоьира шун. Иза гIазотехь велла ала а ма ца даьхьа шу", - дIахьедина Даудовс шен инстаграман агIонехь йоьдучу эфирехь.

  • Ишта спикеро Даудов Мохьмада кхин а дIахьедар дина, Закаевн гергарчаьрга ма-дарра дуьйцуьйтур ду ша, иза хIу стаг ву аьлла.
  • Кху беттан 22-чохь муьлш бу ца хуучу, герзашца болчу наха дIабигинера Закаев Ахьмадан гергарнаш, декхаре бира камерана хьалха иза аьшнашван.
  • Лондонехь эмиграцехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш лецна хилла кхаарин дийнахь герзашца, муьлш бу цахуучу наха. Цуьнах лаьцна хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига ТIехьа-Мартанарчу хьасташа.
  • Хьалхо хаамбора, парламентан спикерца Даудов Мохьмадца юкъахь дIахьочу эфирехь Кадыровс кхерамаш тесна хиларх Закаевна, иза "сийначу цIарах вагор ву" ша аьлла. Делахь а, дуьххьара дац Закаев Ахьмадна Кадыровс кхерамаш туьйсу. Политикна вен кхерам тесира Кадыров Рамзана кху шеран Дечкен-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG