ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Давос: дуьненан экономика айлур ю 2019 шарахь


SWITZERLAND -- A security guard show the way to a man outside of the Davos Congress Centre under snow ahead of the opening of the World Economic Forum (WEF) 2018 annual meeting, in Davos, January 22, 2018

Дуьненан Экономикан Форуме ваха а оьшу юхькIайлла

Давосе (Швейцари), шарахь цкъа хуьлучу 48-чу Мехкийн Экономикан Форуме шинарийдийнера пIераскане кхаччалц юкъара гIайгIанаш а, машар а бийца гулбелла 2500 уггаре яккхийчу компанийн, организацийн куьйгалхой, политикаш, дипломаташ, пачхьалкхийн лидерш.

Оьцур яц цигахь тIе, я цкъа а ца эцна, резолюцеш, кхидолу документаш, амма дийцаредо баьхкинчара дерриг а дуьненах хьакхалург.

Кхушара Давосе баьхкина, я тахана-кхана бахка беза 70 сов пачхьалкхийн лидерш. Церан могIарахь бу, масала, Францин, Британин, Украинан, Полшин, Германин, Канадан, Еврокомисссин, Израилан, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн.

Дуьненан экономиках хаъал дакъа долахь латточу Оьрсийчоьнах дерг аьлча, ца вахана цига я хьалхара а, я цул тIаьхьа шолгIаниг ларалуш волу а куьйгалхо. Вице-премьер Дворкович Аркадий коьртехь а волуш Давосерчу форумехь дакъалоцучу делегацица ву ши министр - зIенийн а, энергетикан а.

Геннарчу Европе веъча ша тосуш ма-хиллара, Iамеркара веъначу Цхьаьнатоьхначу Штатийн делегацин лидеро - пачхьалкхан секретаро Тиллертона - готосур бу Лондоне, Париже, Варшаве а кхочуш.

Оьрсийчоьнан цIарх яхначу делегацино дийца лерина дац башха бIаьрла хIумма а: даима а санна, коьртачу къамелашка ладогIаррий бен, ала дашна, дакъалоцур ду цо Китайно айина "Керла Дарин Некъ" цIейолу йохк-эцаран мегапроект хьахош а, дуьненан энергетика муьлхачу хьолехь ю зуьйш а.

Дуьненан экономика хьехоче Оьрсийчоьнан Банкан куьйгалхо Набиуллина Эльвира а йоьду аьлла дара, амма ца яхана иза цига. Прессана хетарехь, Оьрсийчоьнан делегаци кхушара къаьсттина лилха гар шеко а йоцуш дозу Iамерка хьовха, ерриг Европа а Кремле шийла хьежа йисина латтарца.

Кхаарий сарахь Швейцаре кхочучу президентан Трамп Доналдан Iалашо ю Штаташа шайн пачхьалкхехь бизнес лелон мел аьттонаш ло тIеяьхкинчу компанешна дийца а, Малхбалерчу тIом, зарратан кхерамзалла хьахон а, хаамбина КIайчу ЦIийнан векалша. Иштта, цуьнан хила деза цхьаьнакхетарш Швейцарин,Израилан, Британин, Руандин а лидершца.

Дика беха мехкаш – кхин а дика бехар бу, къенаш – къелур бу

Экономикан Форуман балхах дерг аьлча, дуккхахболчу декъашхоша билгалдоккху массех шарахь эшна жамIаш гойтуш схьаеъна дуьненан экономика кхушара тоьллачу хьоле яьлла хилар а, 2019-чу шарахь цхьамогIа ницкъалчу мехкаша кхин а дика экономикан терахьаш гойтур а хилар.

Давосан прогнозо бахарехь, шайн хьал лакхадаьккхинчаралахь, кхидIа а тодендолучех ю Цхьаьнатоьхна Штаташ, Китай, Европа.

Делахь а, ирхенаш яьхнарш-йохунъерш тоьлла экономика йолу пачхьалкхаш ю. Цара рицкъ алссам дуьненна кхачор вуно дика ду, амма даккхийден хьалха ду – иштта ю тахана Давосерчу къамелийн лейтмотив.

КогахIитта, хьолаца чIагIъяла гIертачу пачхьалкхийн кочарахь пхоьалгIа дакъа малделла, цигахь дехачу адамера де долучул а эшна дахначу шарахь. Ехаш йолчу пачхьалкхийн аьтто баьлла бахам бестон, ткъа къенаш – кхин а къеъелла, боху экономисташа.

Пачхьалкхийн таронийн контраст йолчул а къарзъярал дуьненаюкъарчу банкаша шайгара финансаш гIийлачу мехкашка дIаса ца хьежош, таройолчу пачхьалкхашкахула яцорца а дузу тергамчаша.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG